Ницкъахойх латарна таIзар дина Джумаев Сайд-Мухьаммад ШИЗО хьажийна
Москвара митингехь омонхойх тийсаваларна набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад гIуданан изоляторчу хаийна, хаамбира дечкен-беттан 30-чохь цуьнан ненайишас инстаграмехь (тIаьхьо пост дIайаьккхира). Цунна хетарехь, чиллан-беттан 3-чохь Джумаевн ненаца хила дезачу цхьанакхетарна новкъарло йан хьийза колонин администраци. ТаIзар динчун гергарчо зорбане йаьккхинчу поста тIехь бахарехь, иза ШИЗО-хь волу иссолгIа де а ду. Хууш дац, мича бахьанашца хьажийна иза цу чу. "ХIаъ, нанна хала ду! Читать дальше...