Германехь дIахецна шинарин дийнахь лецна нохчий
Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, немцойн низамаш лардон органийн шеко кхоллаелла нохчий жуьгтийн синагогина тIелатар кечдеш хила мега аьлла. Шинарин дийнахь лецначерах цхьаммо видео яьккхина хилла шен чуьра араваьлчхьана дуьйна шен накъост волчу ша дIакхаччалц.
Цу видео тIехь гуш ду синагога а. Иза ю талламан бухе йиллинарг.