Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москалькова юха а Нохчийчу яха дагахь ю "байинчийн" гIуллакх талла

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас юха а талламбийр болуш бу, Нохчийчохь шена байинчийн метта церан вежарий гайтина хилла аьлла, "Новая газетано" оршотдийнахь яржийначу информацин хьокъехь аьлла, хаамбина цуьнан пресс-гIуллакххочо.


"Газетано Iорабаьккхина хаам Iаламат маьIне бу, цундела ша талламбийр бу оцу хаттаран гонах аьлла Москальковас. Ишта зIене елира иза "Новая газетан" журналисташца а, шега материалаш схьакхачае аьлла", - яздина хаамехь. Омбудсменан зорбанчаша дIахьедо, Нохчийчу яхча байинчийн метта церан гергара нах хIиттина шена хьалха аьлла, цхьана а кепара тоьшаллийн материалаш шега кхаьчна яц боху цо аьлла.


"Шо хьалха "Новая газетано" дийцира ша Iехийна аьлла, амма таханалерачу дийне кхаччалц иза бакъхиларх аппарате матераилаш кхаьчна яц", - аьлла "Интерфакс" агенталле оршотдийнахь пресс-гIуллакххоша.


Оршотдийнахь зорбане даьккхина "Новая газетано", Нохчийчохь вийначу шина вахархочун метта церан вежарий гайтина хилла Оьрсийчоьнан омбудсменна Москалькова Татьянина аьлла. Юсупов Шамхан а, Мускиев Махьма а ву шаьшиъ аьлла, ши стаг хьалхахIотторо новкъарло йо гIуллакх талла, яздо хьостано.


2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу шолгIачу полкан гIишло чохь Iазапаш лелийна, мел лахара а 27 стаг вийна хиларх хаам баржийра "Новая газетано" шен агIонашкахь зорбане яьккхинчу "Это была казнь" артиклехь.


Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна а цхьана еара Нохчийчу, амма цунах а пайда ца белира: вийна аьлла, тептаре язвинчех цхьаъ "дийна" хиллера. Тептарехь тобан эмир ву аьлла, билгалваьккхина Мускиев Махьма хиллера иза. Бакъонашларъярхой тешна бара, омбудсменна дуьхьал валийнарг вийначун ваша ву аьлла.


Кхин а цхьана "вийначун" вашас чIагIдира, шен ваша вийна вац, шен Iожаллех велла ву, даге лазар а иккхина бохуш. Цуьнан каш а цхьана гайтинера цо. Каш даьстина, экспертиза яйта ца хIоьттинера Москалькова.


 


Газетан хаамашца, 20I7-чу шарахь Юсупов а, Мускиев а, кхин а 25 нохчо а вийна тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *