КадыровгIеран цIарах маьждиг а оьшу, Гикалон цIе хийца а лаьа меттигерчу бахархошна
"Иша цара доьху, Гикалон юьртда лаьттинчу, 2001-чу шарахь вахабисташа, жоьжахатин жIалеша вийначу Алиханов Джамлайн цIе тиллар шаьш дехачу меттигна", - яздо ресурсан Инстаграмерчу пабликехь.
1945-чу шарахь йиллина ю Гикало, Советан заманахь партехь гIуллакх динчу Гикало Николайн цIарах. 1966-чу шарахь Хьалха-Мартанан кIошта юкъа йогIуш хилла Гикало Грозненскан кIоштах дIатуьйхира.