Евробертах дIакъаьсти Великобритани
Британерчу бахархойн Брекзитех дог-ойла хьалха а санна кеп-кепара ю. Лондонехь а, кхечу гIаланашкахь а пIераскандийнахь хIиттийначу барамашкахь Евросоюза юкъара арабовла луучара хазахетар гойтура, дуьхьал болчара Брекзитца доьзна шайн халахетар.
Премьер-министро Джонсон Бориса таханалера де "керлачу муьран юьхь" ю аьлла. Цо дош делла къам вовшхтоха, дуккха а Брекзитна тIехула хилла цакхетамаш, къийсамаш совцо беза аьлла, билгалдоккхуш.
Евросоюзо пIераскандийнахь дIахьедина, Британица "шайн агIончаца, партнерца, доттагIца саанна", юкъарлонаш лело керла некъаш лохур ду шаьш аьлла.