Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Думан комитетан куьйгалле хIоттийна Газзаев
Билгалдоккху, тIаьххьарчу ворхI дийнахь комитетан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш "Справедливая Россия" олучу партин кхин векал вара, кху кIиранах Чувашин урхалле ханна хIоттийна Николаев Олег.
Къилбаседа Кавказан регионалан тобанехула Думе кхаьчна Газзаев Валерий "Справедливая Россия" партин тептаран коьртехь, цундела Дагестанан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Къилба ХIирийчоьнан а, Нохчийчоьнан а харжамхойн интересашкахьа хир волуш ву иза.
Къилба ХIирийчохь вина ву Газзаев.