Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ХIиндойн штамм яржарца дузу Нохчийчохь коронавирусан ун чIагIдалар

Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана мукIарло дина, Нохчийчохь коронавирусан уьнца долу хьал чIагIлуш ду аьлла. БIостане ду цуьнан дешнаш мехкан урхалхочо кху деношкахь "пандемин ирачу муьрех чекхъяьлла" Нохчийчоь, карарчу хенахь оьрсийн вакцинаца прививкаш а йойтуш, кхиаме юкъара иммунитет хьалайоккхуш ду шаьш аьлла, динчу дIахьедарца.


ХIиндойн "дельта" штамм республикехь яьржаш хиларца кхетийна Сулеймановс коронавирусан инфекцех ун далар а, баларш а кхуьуш хилар. Оцу кепара дIахьедар дина цо леринчу махкахошка бинчу кхайкхамехь.


"КхозлагIа кху лазарх гIовттуш ду вай. Новкъа ду, вирус хийцалуш, цо мутаци лелош хилар, тахана доллу дуьненахь, Нохчийчохь а санна, хIиндойн "дельта" штамм ю карзахъяьлла. Кхул хьалха яьржинчу штаммех хIара къаьсташ ю маса дIасаяьржаш хиларца. Нагахь санна, хьалха цхьана ун даьллачо лазар 2-3 бен дIалуш ца хиллехь, хIинца ялх охьавилла тарло цо. И бохург ду, ун сиха кхуьуш хилар", - хаам бина "Грозный" телехьожийлан эфирехь министро.


50 процентна лакхара бу керлачу штаммах вала йа реанимаци кхача кхерам, ткъа прививкаш йина боцчу нахалахь дукха хьолахь лазар халонга долу, Сулеймановс бахарехь.


Министро кхайкхам бина мехкан бахархошка, вакцинацех чекхдовла аьлла, 100 процентна тешам бу, боху цо, тIаккха оцу цамгарх хьалхавер ву аьлла.




Официалан статистикаца а догIуш, яхначу буса а, дийнахь а коронавирусан инфекцех велла 13 стаг, ун къаьстина 131 вахархочуьнца.



Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
Стохкалерачу шарца дуьстича, Мангал-баттахь Оьрсийчохь баларш 14 процентна ала мегар долуш алсамдевлла, керла коронавирусан "дельта" олу штамм яржарца  аьлла, дIахьедира пачхьалкхан вице-премьера Голикова Татьянас.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *