Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Вакцина яйтина меттигера яхархо кхелхина бохург бакъ ца до Нохчийчоьнан Iедалша

Нохчийчоьнан вице-премьеро, коронавирусца къийсам латточу оперативан шатабн куьйгалхочо Усмаев Вахьита бакъ дац боху, ковидна дуьхьал тоьхна маха а ийгIина, меттигера яхархо елла бохург. Пачхьалкхан "Грозный" телеканало зорбане хIоттийна цуьнан дIахьедар.


"Социалан машанашкахь цхьаммо дуьйцу, шен гергара зуда прививкех елла бохуш. Ца елла. Оха тергонехь латтош бу и болх таханалерачу дийнахь. Вакцинацех чекхваьлла цхьа стаг тахана вайн республикехь кхелхина вац. Могушалла Iалашъяран министрна тахана "цIечу зонех" чекхвалий, талла аьлла, тIедожийна. Вакцина йина хилла цхьа стаг вац царлахь. Прививкаш ца яйтинарш бу леш берш", - дIахьедо Усмаевс.


Хьаькамо хаам бина, 91,3 процент бахархошна дуьххьарлера вакцинан компонет тоьхна, царлахь 60 процент баккхинаш бу.


Вакцина кхераме цахиларх тоьшаллина хьахийна Усмаевс шен 87 шо долу нана. Доллу цуьнца хилла лазарш дIадайна боху цо, вакцина йинчул тIаьхьа иммунитет хаьла а яьлла.


Хьалхо бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино хаам бора, Нохчийчуьра яхархо прививкана тIехула кхалхарх лаьцна. Организацин хаамашца, хьалхара маха тоьхначул тIаьхьа реанимаци охьайиллинера и зуда, ткъа масех де даьлча кхелхира. Зудчун цIе а, иза ехаш хиллачу эвлан а цIе йоккхуш яц "Вайфондо", амма информаци бакъ ю, боху.


"Цхьа нах бу, вакцинех хила пайда бац, иза адамийн могушаллина зене ю бохуш, хабарш даржош. Компетенте болчу Iилманчех ца теша, амма базарахь йохка-эцар лелочу лулахочух дика теша. Вайн республикан куьйгалхо а, цо урхалла дечу оперативан штабо а боллу шайн ницкъ тIеберзийна, вайн къам оцу уьнах Iалашдархьама. Вакцинаци - тIаьххьара некъ бу вайна бисинарг хIокху хIоьттинчу хьолехь", - аьлла Усмаевс.


Иштта оперативан штабан куьйгалхочо йовзийтинчу статистикаца, Нохчийчохь нах леш бу.


"Вайн регионехь 5-7 стаг денна леш ву, ун даьржаш ду де дийне. Терахьашца аьлча, 120-130 стагаца гучуйолу вирус цхьана дийнахь, дукхахберш дарбан хIусамашкахь молха-дарба лелош бу чолхечу хьолехь хиларна. ХIара Товбеца-бутт карабеачхьана 21-чу дийне кхаччалц вайн махкахь 102 стаг кхелхина уьнах. Оцу наха шайн хеннахь прививкаш яйтинехь хир дацара хIара", - аьлла, билгалдаьккхина цо.


Интернетехь хабар даржадо, вакцинаци йиначул тIаьхьа белларш а бу бохуш. И бакъ дац, боху Усмаевс, шозза вакцина йиначул тIахьа цхьа стаг Нохчийчохь велла вац.



Оцу юкъанна, кху беттан 18-чохь парламенте а, мехкан бахархошка а рогIера дIахьедарца вистхуьлучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, Нохчийчоь "пандемин ирачу муьрех" чекхъяьлла" аьлла. "Йоццачу хеначохь санитаран-эпидемиологин ситуаци кара а ерзийна, социалан а, экономикан а, республикан бахархойн дахар а дIанисдан" Iедалхойн аьтто баьлла, бохура цо.
Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархой кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада Мангал-баттахь полицина а, динан урхаллана а.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *