Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Пачхьалкхан регионашлахь вакцинаци ярехь уггар а тIаьхьа ю Дагестан

Товбеца-беттан 22-чохь дину зерашца, Дагестанехь вакцинан хьалхара компонент тоьхнарш бу 6,8 процент бахархой. Оьрсийчохь уггар а лахара гайтам бу иза: вукху массо а регионашкахь 10 проценте даьлла и терахь. Оцу кепара зераш далийна РБК агенталло. Иштта тIаьхьа ю Дагестан вакцинан шина а дозанах чекхбевллачаьрца а: 4,4 % бу уьш.


ХIоттийначу рейтинган аутсайдерш хилла Къилбера мехкаш а - Адыгей, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа-ХIирийчоь, ГIалгIайчоь.


РБК-но тIечIагIдарехь, Къилбаседа-ХIирийчохь йоллу вакцина йина ваьлларг ву 9,9 процент, ткъа ГIалгIайчохь - 13,7 процент.

Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Ставрополан а, Краснодаран а кIошташкахь вакцина йина ваьлла 10-I5 процент бахархой. Масала, Нохчийчохь, еарин дийнахь довзийтинчу терахьашца, 13,2 проценте бу уьш. Вакцинан шина а дозех чекхбевлларш 15-20 % болчийн могIарехь ю ГIалмакхойчоь.


Прививкан хьалхарчу компонентех дерг аьлча, Оьрсийчоьнан кхо мохк хьалха бу: Чукотка, Белгородан кIошт, Москва, Москван кIошт, иштта, Нохчийчоь а. Цкъа маха тоьхна бахархой бу цигахь 30 процентал сов.


Тептарехь когашкахь ю, Дагестан йоцург а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, ГIалгIайчоь а, Вологодскан кIошт а ю. 15 процент меттигера бахархой цхьана дозех чекхбевлла цигахь.


Масала, ГIалгIайчохь вакцинаци йолийна - 9,74 проценто, ГIебарта-Балкхаройчохь - 11, 0%.


Хьалхара компонет тоьхначарлахь ю Къилбаседа-ХIирийчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Адыгей а, Ставрополь а (15-20%).

Краснодаран а, Ростовн а кIошташкахь а, ГIалмакхойчохь а бу 20-25%.



Нохчийчохь вакцинаци бертаза еш ю. Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархой кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада Мангал-баттахь полицина а, динан урхаллана а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *