Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Журналист Милашина Елена дарбан хIусамера шен цIайирзина, Нохчийчохь тIелатар диначул тIаьхьа

Нохчийчохь къиза тIелатар диначул тIаьхьа "Новая газетин" журналист Милашина Елена Москохарчу дарбан хIусамера шен цIайирзина, цунах лаьцна дийцина "Эхо Москвы" зорбанан хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс. 


Цо бахарехь, журналист лоьрийн Iуналлехь хир йу кхин дIа а. Лоьраша билгалдаьккхина, 14 меттигехь куьйгийн тIехкаш кегйина хилар, коьртан хье чоьхьара лазийна хилар, кIедачу дилхана чевнаш йина хилар а.


Хьалхо дарбан хIусамера цIаверзийра адвокат Немов Александр. Уьрсаца йина чов йара цуьнан, коьртана йинера масийтта чов, когаш тIехь йиттиначул тIаьхьа йиссина ларш йара.


Нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Нижний Новгородера лачкъийначу ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов. Товбеца-беттан 4-хь хан тоьхна цунна набахтехь йаккха – оцу бахьаница йеанера Нохчийчу Милашина а. ТIелатар Iуьйранна хилира аэропортера схьабогIучу новкъахь. Бевзаш боцчу наха йиттира журналистана, адвокатна, церан техника хIаллакйира, коьртах тапча хIиттош, бойъур бу бехира. 


ТIаьхьо Соьлжа-ГIалара Къилбаседа ХIирийчоьнан Беслан гIаларчу дарбанан цIийне дIайигира журналист Милашина Елена а, адвокат Немов Александр а, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Солтаевца цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву бохура, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа, хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Хаамбарехь, цул тIаьхьа Милашина Буьри-ГIалар дарбанан цIийне йигира, КТ-аппарат Бесланера йохарна.


Милашина Еленас дIахьедира, т1елатар динехь а, амма Нохчийчу ша лелар йу-йац бохур даттар "дийцаре дуьллуш а дац".



Президенте Путин Владимире дIахаийтина тIелатарх лаьцна. "Маса, хIайтаьлла талла деза" и гIулулакх элира президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дош делла, Нохчийчохь Милашина Еленина а, Немов Александрна а динчу тIелатаран "йист йаккха". Инцидентах дуьйцу итт сахьт даьлалчул тIаьхьа вистхиллера иза.
Нохчийчохь динчу тIелатаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна могушаллина зен дарна а, хулиганалла лелорна а бохучу артиклашкахула.
Товбеца-беттан 4-чохь Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара набахтехь даккха пхи шо, ахшо хан кхайкхийра Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а бехкейина. Оццул хан тоха цунна аьлла, тIедожийнера прокуроро а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера ЯнгулбаевгIеран петар чу лилхира кадыровхой. Цара лачкъийра суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 52 шо долу хIусамнана, нохчийн жигархойн Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана Мусаева Зарема, бертаза дIайигира иза Соьлжа-ГIала.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *