Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровхоша шайна тIехь ницкъбарх, сийсазаллаш лелорах дийцина бакъоларйархошка зен хиллачара

Нохчийчохь Iазапах чекхбевллачу наха "СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархошка дийцина, кадыровхоша шайгара нуьцкъаха кийтарлонах йахарх, сийсазаллаш лелорах.


Лаьцначарна ток йеттара, Iункарнехьа хьалаухкура, садукъадора, психологин Iаткъам бора, бохуш дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу ЛГБТК+ наханна гIо деш йолчу цхьанакхетараллин хаамашкахь. Ницкъбарехь герз а, куьйгкIелахь болу гIирс а лелабора кадыровхоша.


Масех денна дахдала тарлора ницкъбар, дуьйцу царах зен хиллачу наха. Цаьрга са ца даIийта, коьрта тIе телатан тIоьрмаг биллина, йеттара царна. Массочу хенахь сийсазе къамелаш дора, дуьхьала дош аьлча – резянкин чхьонкарца батт сацайора.


"Наггахь сан бага йуьлинчу тапчан чIижаргIа йуллура, иза цIудйе олий. ТIаккха тапча йер йу бохуш, буьйлура уьш. Ишта кагйира цара сан агIонашкара ши церг", – дуьйцу оцу сийсазаллех чекхваьллачех цхьамма.


Вукхо дийцира бакъоларйархошка, шена вевзаш волу кхо гей охьавийцар тIедожийнера шена, бохуш. ТIаккха важа реза ца хилча, наханна тIехь Iазап латтош видео гайтира цунна. Цигахь цхьаволчунна бехкечу метте турба йоьллира – тIаккха цу чухула кIохцалгийн аьчхкан сара бахийтира, тIаккха турба дIа а йаьккхина, и сара меллаша йухаозийра. "Изза суна тIехь дан дагахь бу шаьш, бохура, ишта турба а, сара а схьабеара. Сайна и гича, со реза хилира сайна хуург дийца", – къера хуьлу "СК SOS" тобанца къамел динарг.


Кхин а цхьамма дийцарехь, кадыровхоша Iункарнехьа хьалауллий, аьчкан ваба йеттара хьоркашна тIе, йа полипропиленан турба йеттара пIендаршна: "Суна динарг шовзткъа сов тохар дара. Суна бевзачу гей-нехан зIенаш йоьхура цара. Сайна цхьа ца вевза элира ас". КIантаца вовза гIертарна лаьцна вара и стаг.


Кадыровхоша хьийзийначех кхин а цхьамма дийцарехь, ницкъахоша цуьнан когаш хин чохь долу боги чу а дохкий, цIарца и хи дохдора: "Са ца тохалуш лазавора. Сан когаш цIенбелла хуьлура, хин тIехула йовха Iаь хIуьттура. Цхьайолчу меттигашкахь тIера чкъор даьллера, пIелгаш, кIажаш Iийжадора цул тIаьхьа а. Со цу буса вижна а вацара, сайх хиндерг ца хууш".


"СК SOS" тобано товбеца-баттахь таллам арахийцира, 2017 шарахь тIепаза вайна волу нохчийн йишлакхархо Бакаев Зеламха кадыровхоша Iазапехь а латтийна, тIаккха вийна аьлла.



Хьалхо Кавказ.Реалии сайтана дийцира "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона регионехь ЛГБТ-нахана тIаьхьабовларх тIаьххьара хиллачух а, тIеман хьелашкахь бакъоларйаръойн болх муха хийцабелла а.
"Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *