Политковскаян доьзална 20 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь
Оцу кепара Европан кхело Оьрсийчоь жоьпаллехь лерина журналистан яха йолу бакъо йохорна.
Политковская Анна йийна 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москох. «Новая газетехь» болх беш йолу журналист евзаш яра Оьрсийчоьнан Iедалшна критика еш а, Нохчийчохь лаьттачу хьолах а, цигахь адамийн бакъонаш талхош хиларх а лаьцна артикалш язъярца.