Титиев дIахецар доьху Миятович Дуньяс
Шен кехатехь Миятовича доьху прокуроре Титиевн бакъонаш ларъяйта оьшург дерриг а даре, шена юкъахь иза сихонца дIахецар а долуш.
Цо дагадоуьйту Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас а, Оьрсийчоьнаан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила а дехар дина хилар Титиевн гIуллакх къастор кхечу регионе дехьадаккхахьара аьлла.
Цо гойту аьлла хета Европан Кхеташонан векална, Титиевн бакъонаш лар а еш, гIуллакх нийсонца луьстур ду бохург шеконехь хилар, нагахь иза Нохчийчохь дисахь.