ОБСЕ-н Украинерчу миссех лаьцна хаамаш карабахна Оьрсийчоьнна
Цу документашна юкъахь бу цу тобанан декъашхойх лаьцна болу хаамаш а. Уьш Оьрсийоьнан агенташка дIабелларг ву ОБСЕ-н миссин белхахошна юкъахь волу шпион.
Дийцарехь, цо лачкъийначу досьена юкъахь бу ОБСН-н миссин декъашхойх лаьцна болу хаамаш, шайна юкъахь телефонийн номерш а, хIоранна а марзделларг а, хазахета зударий тайпанаш а, финансашца доьзна хьал а долуш.