Трамп: Шемахь гуманитаран вон леларна жоьпаллехь ю Оьрчийчоь а, ГIажарийчоь а
Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, Шемахь чолхе гуманитаран хьал хIоттарна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, ткъа иштта меттигера Iедалш а.
Австралин премьер-министрца Тернбулл Малкомца цхьаьна шен хиллачу зорбанан конференцехь Трампа элира, "Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, Шеман Iедалш а жоьпаллехь ду, Шемахь "гуманитаран вон леларна" аьлла.
Цунах лаьцна хаам бо CNN.