Iамеркахоша виза ца елла Нохчийчуьрчу ММА латахочунна
Нохчийчуьрчу ММА латархочунна Тайсумов Майрбекана виза ца елла Iамеркахоша. Иза лата везаш вара Iамеркерчу спортхочуьнца Данэм Эванца. Иза хIинца хуьлийла дац, боху Тайсумовн векалша, яздо "Кавказ.Реалиино".
Нохчийчуьрчу спортхочунна хета шена виза ца ялар политикан бух болуш ду аьлла. Хьалха ша Iамеркехь летта, цхьа а проблемаш яцара шен, бохуш чIагIдо цо.