Трамп Москох кхайкхина Путина
ПIераскандийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедина, ша Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Дональд Москох кхайкхарх. Reuters агенталло бина и хаам Йоханнесбургерехь йоьдучу БРИКС саммитера.
Шаьшиъ кийча ву кхи дIа цхьанакхетарш дIадахьа, амма аьтто болу хьелаш хила деза цунна лерина аьлла Путина.
Къилба Африкехь БРИКС-ан пачхьалкхийн саммитехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Путина тоаме дац аьлла телефонехула Оьрсийчоьнан а, Вашингтонан а хилла дийцарш, цундела шина а агIонан цхьанакхета деза юха а ГIажарийчоьнан зарратан бертах а, глобалан конфликтех а дийцаредан.
Карарчу беттан 16-чу дийнахь гар хилира Трампан а, Путинан а, амма Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа буьрса критика йира Трампна, и гIулч бахьанехь.