Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ерзанза йисина хьу. 50 шо даьлла Кремло Чехословакехь цIий Iанийна

Ерзанза йисина хьу. 50 шо даьлла Кремло Чехословакехь цIий Iанийна

Кондрашова Наталья

 

Деношкахь 50 шо кхочу "Дунай" операци дIаяьхьна – иштта аьллера Советан пачхьалкхо Варшаван Бертан мехкашца цхьаьна (Болгари, Венгри, Германин Демократин Республика, Полша) ша Чехословакера "Прагин БIаьсте" хьошуш эккхийтинчу тIеман хьолах. ХIун лар йитина  1968 шеран гурахь иккхина хиллачу конфликто чехийн а, словакийн а, оьрсийн а дегнашкахь?

Марсхьокху-беттан 21-чохь чудаьржира социализман вежараллерчу пачхьалкхийн эскарш. 1956-чу шарахь Будапештехь Iаьнна цIий дагахь кхобучу Чехословакин Iедало буьйрдира шен эскаршна чудаьржинчу дакъошна дуьхьало ма йойла, аьлла. Делахь а, ца сецалора хьоьжжучохь гIаланашкара бахархой: дIалечкъайора некъ гойту билгалонаш, вовшашца иэ а еш, дIаеттара уьш, чуяьхкина танканаш, машенаш тилорхьама, къуьйсура, шайца агрессорш къамелашка а бохуш.

Ца дирзира цIий ца Iенаш. Чехославакин 108 вахархо кхелхира, бIеннашна чевнаш йира, Прагерчу тоталитаран режимаш зуьйчу институтан терахьаша дийцарехь.

Чудаьллачу оьрсийн эскаро дIалецира Чехословаки, дIасалела маьрша бацара нах

Кхушеран бIаьста таллам бинчу "Левада" центро гойту 1968 шарахь Чехословакехь хиллачух лаьцна хууш боцийла Оьрсийчоьнан 46 процент бахархой. 21 процентна хетарехь, "Малхбалено социализман мехкаш вовшашца эгIорхьама тесначу питано баьккхина хилла" и бохам. Оьрсийчоьнан бахархойх кхоалгIа дакъа тешна ду Советан пачхьалкхо Чехословакина чу эскарш "нийса дехира" бохучух.

Маршо Радион корреспонденто Москох урамашкарчу нахе хеттамаш бира 50 шо хьалха эскарш Чехословаке хьажорах хетарг олуьйтуш.

"Чехийнний, словакийнний синкхетамаш буьззина ца богIу Оьрсийчоьнан синкхетамца. Цаьрга шайна луъург ца дойтуш, уьш къарбеш, вай царна дуьхьал эскарш дахар нийса дацара".

"Советан пачхьалкхан цхьа а бакъо яцара цига эскарш хьовсо. Къаьмнашна дIакъаста бакъо яра елла, и бакъо хьашира".

Муха ю Кремлан позици?

1993 шарахь дуьйна а бу Москохний, Прагиний юкъахь лелаш доттагIаллах а, юкъарлонех а барт. Цуьнан тексто боху, "магадойла доцург ду ницкъ вовшашна дуьхьалбаккхар", ткъа Чехословаке эскарш кхийсар "харцо яра", боху.

Амма Оьрсийчуьрчу прессина бен-башха а дац и документ, нийсса бIостанехьа хуьлу цо юкъ-кара олуш дерг. Масала, 2017-чу шеран Лахьан-баттахь "Звезда" телехьогойтийлан сайтехь арабелира хIара цIе йолу язам: "Чехословакино баркалла ала деза Советан пачхьалкханна 1968-чу шарца доьзна: Прагин БIаьстенан истори".

Материал араелира Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий Кремлца гергарлонашкахь волчу Чехин президентца Земан Милошца цхьаьнакхета везачу муьрехь. ТIаьхьо сайта тIера дIаяьккхира артикл. Прагерчу журналисташа хаамбира, материало "оьгIазвахийтира" Земан, цо Медведевца хиллачу къамелехь иза хьаха а дира, аьлла. Медведевн къинтIераваккха дезнера хьаша, Оьрсийчоьнан позици ца йогIу артиклца, аьллера цо.

Советан пачхьалкхан цхьа а бакъо яцара Чехословаке эскарш хьовсо

ХIун хета чехашна?

Чехин бахархоша хIинца а дагалоьцу Советан пачхьалкх шайна "чуяржар". 2008-чу шарахь 64 % респонденташа элира, шаьш къинтIера ца девлла Оьрсийчоьнна. Цул тIаьхьа даьллачу 10 шарахь а дац хийцаделла хIума. Чехин Талламан центро яхначу бIаьста бира нахе изза хаттам, 76% наха элира шаьш бехк буьллу Оьрсийчоьнна.

Бакъду, кхечу центро – NMS – бинчу хаттамо гайтина 15-24 шераш долчу чехех 46% процентна ца хаьа 1968 шарахь билггал хилларг хIун ду.

Прагехь Маршо Радио шайца къамеле яьллачу чехаша шеконе а ца диллира Советан пачхьалкхо "оккупаци" йина хилар, бохура иза харцо ю.

"Оьрсийн эскарш чудаьржира, оккупаци йира Чехословакина, доза къевлира, нах маьрша бацара дIасалела. Низамаш шагдинера".

"Со цIера Либерцера ву – цигахь баккъал а гатто хIоттийнера хIетахь, герзаш дуьйлура, иттех стаг вийра. Сан дена-нанна дагахь лаьттара и денош, цара дуккха а дуьйцура царех лаьцна. Цундела ас бер долучу хенахь кхетийра сайна, оьрсийн вон адамаш дуйла".

"Со оьрсех ю. Сан доьзал гIолехьа дахар лоьхуш Оьрсийчуьра кхаьчна кхуза 25 шо хьалха. Со йоккхае Чехехь ехаш хиларна – и бен сан-м дац кхин ала хIума".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Во взрослую жизнь с золотом: выпускникам школ вручили медали в Ставрополе

ДЛЯ ЧЕГО МОГУТ КАЗНИТЬ АДЕПТОВ "ЕСТЕСТВЕННОГО ОТБОРА". СОВЕТЫ ВЫСШЕГО ВСЕНАРОДНОГО ПРЕЗИДЕНТА.

День оказания бесплатной юридической помощи прошел в Мытищах

Синоптик Леус: на Москву надвигается жара до +34 градусов

Музыкальные новости

Собянин рассказал о работе московских центров ментального здоровья

Дни вьетнамского кино пройдут в Москве

Сергей Собянин подвел итоги конкурса «Новатор Москвы»

Пожилой мужчина погиб при лобовом столкновении с грузовиком в Подмосковье

Новости России

Незрячие в России вскоре смогут "увидеть" театральные постановки

Активистов и волонтеров из Химок поздравили с Днем молодежи

День оказания бесплатной юридической помощи прошел в Мытищах

Shot: Элджей ударил корреспондента после концерта в Москве

Экология в России и мире

Отборочный этап «Абилимпикса» прошел в Реутове

«Одна я умная в белом пальто стою»: почему люди преувеличивают свои добродетели и как бороться с их непрошенными советами

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: на фестиваль в Якутск приехали директора крупнейших цирков и продюсеры, профессиональные артисты

Дети Азии приняли директоров крупнейших цирков - Театр и Цирк, Культура и Концерт - Россия и Дети

Спорт в России и мире

Россиянка Эрика Андреева вышла в финал квалификации Уимблдона

Теннисисты Котов и Калинская получили приглашение на Олимпиаду в Париже

Медведев проиграл Джоковичу на выставочном турнире перед Уимблдоном

WTA удивила решением по Елене Рыбакиной перед стартом Уимблдона

Moscow.media

Заместитель Московско-Курского транспортного прокурора в рамках работы мобильной приемной провела личный прием граждан на Курском вокзале г. Москвы

Инициатива об увеличении лимитов ОСАГО в рамках европротокола – мнение экспертов

Призрачный остров...

...Есть чем платить, но я не хочу победы любой ценой. Памятник Виктору Цою в Санкт-Петербурге







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *