Кадыровн дIахьедар тIехтесна дитина Мамаевс
Москох шозза нахах латарна бехкевина "Бутырка" олучу изолятор чохь латточу футболан ловзархочо Мамаев Павела дIоггара терго йоцуш дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша а, шен накъост Кокорин Александр а "Ахмат" клубе дIаэца кийча ву алар.
"Ахмат"? Со цкъачунна кхи проблемаш луьстуш ву", аьллачу Мамаевн дешнаш далийна "Дождь" телеканало.
Маршо Радионо яздира, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта хиларх ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттинера, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавелла хиллера и шиъ.
Москохарчу Тверскойн кхело ГIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Кокорин а, Мамаев а чохь вуьтуш сацамбина.