Шема хьажийначуьра юхавеана 400 гергга Нохчийчуьра эскархо
![Шема хьажийначуьра юхавеана 400 гергга Нохчийчуьра эскархо](https://gdb.rferl.org/69BAFCDB-4285-43A1-AE83-770E882000A1_w800_h450.jpg)
Шемахь шена ханна къастийна тIеман декхар кхочуш а дина, цIаеана Къилба гонан тIеман полицин Нохчийчуьра батальон, хаамбо ТАСС агенталло.
"58-чу армера 400 гергга эскархо Шемара юхавирзина Нохчийчу", аьлла Къилба тIеман гонан пресс-гIоьнчас Астафьев Вадима.
Мазалкерчу тIеман аэродроме охьабиссийна Шемахь кхаа баттахь гIуллакх дина эскархой. Уьш базбеш, совгIаташ луш, барамаш дIахьа лерина пIерасканна.