Нохчийн доьзална 70 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь
![Нохчийн доьзална 70 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь](https://gdb.rferl.org/5DDF6C33-69C1-4F1C-9599-0B88C3F435A9_w800_h450.jpg)
Францерчу Страсбургехь болх бечу Европан адамийн бакъонашкахула кхело 70 гергга эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь Нохчийчоьнан орцаллин министран хиллачу когаметтан Юнусов Русланан доьзална. Иза вийна 2002-чу шарахь цу министраллан белхахойн а, Оьрсийчоьнан эскархойн а хиллачу конфликтехь.
Юнусов вийнарш жоьпе озийна бац хIинца а. Страсбургерчу кхело сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу конвенцин маситта артикл йохийна аьлла.