Дагестанехь некъахьовзамехь кхелхина журналист
![Дагестанехь некъахьовзамехь кхелхина журналист](https://gdb.rferl.org/61D08AE2-A3ED-4C98-9EDC-F88BCC31A58C_w800_h450.jpg)
Дагестанехь Махачкалахь тIе машен тоьхна йийна MTV телеканалан журналист Абдуллаева Тамила. И бохам хилла хилла гIалан юккъехь Ярагскин урамехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино".
Журналист кхалхар тIечIагIдина цуьнан доттагIчо Порецкая Натальяс, шен Инстаграмехь цу хьокъехь пост а хIоттийна (cурта тIехь Абдуллаева ю аьтту агIор).
Меттигерчу могушаллан министралло бинчу хаамца, некъахьовзам хиллачул тIаьхьа еза чевнаш хилла Абдуллаева дIаюьгуш йолчу лоьрийн машеннца а хилла некъахьовзам.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхалло бинчу хаамца, некъахьовзамехь дакъалаьцначу машенашна урхалла деш хилла ши стаг лаьцна ву.