ГIалгIайчохь бахархошкара герз оьцур ду полицино
![ГIалгIайчохь бахархошкара герз оьцур ду полицино](https://gdb.rferl.org/21E659B8-F208-4204-8EEC-9B35E8085093_cx0_cy3_cw61_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчохь Несарарчу полицино кхайкхам бина меттигерчу бахархошка шайн лаамехь герз а, тIеман гIирс а схьало аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхалло дIахьедар дина, хIора герзана дуьхьал ахча лур ду шаьш аьлла.
Герзан мехаш тайп-тайпана бу. Уггар лакхара мах лур бу шен лаамехь танканна тухучу карахь лелочу комплекс схьаеллачун - 37 эзар 500 сом.
Цул сов, ахча лур ду АГС-17 грнатаметах а, ПК а, ПКМ а пулеметех а, ткъа иштта кхечу герзах а, тIеман гIирсах а.