Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Эльдерханова Зайнап. Да декъалван йогIу массо йоI

Эльдерханова Зайнап. Да декъалван йогIу массо йоI

Да декъалван йогIу массо йоI

(НОХЧИЙН ЗУДЧУН ДЕННА)

Цхьацца боьллуш, бIаьргаш схьабиллина, гуонаха дIасахьаьжна, делакъежира и малик, дуьнен чу боьссина маьлхан буьртиг.

ХIинца кхин цхьаьнан доьзалехь а ю йоI. АлхьамдуллиллахI! Дера ю иза АллахIа язйина яийтина хьаша. Тахана шега кхаьчначу ирсах кхета а, теша а кийча вацахь а, амма ирс долуш-м хили хIокху дуьнен чохь кхин цхьа да а. ХIаъ, беза тIоьрмиг айба ницкъ кхочур болуш ца хилахь а, дуьззина ведар эцна новкъа дIадахьа гIорасиз хир елахь а, кхана догIур долчу доккхачу Къематдийнахь шен да декъалван ницкъ кхочун берг ю и, схьаеана, аганахь Iуьллург.

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бусалба уммате кхаъ баьккхина доьзалехь йоI хиларан дозаллах. Цуьнан хьашташ кхочушдеш хьакъ, ламаз-марханца, гIиллакх-оьздангаллица цхьаъ кхиийна а йоI кхиийнарг, иза бусалба нехан цIен тIе яхийтина да ялсаманин декъах хир ма ву аьлла. ЙоIа дуьнен чохь мел йоккху хан декъалйина АллахIа. Шена тIевирзин деш долу ламаз, Нанас мохь тохарна бен юкъахдаккхар магийна а дац.

Бусалба дин юкъадалале хьалха дуьйна а, нохчийн халкъо сий деш, лерина йоI, йиша, зуда, нана.

Нохчийн зудчух дош аьлла кхечу къомах болчу яздархоша, Iилманчаша. Нохчийн зуда шен мах хууш, шен дайн сий лардеш, юьртан а дозалла хилла яьхна ю. Дех-ненах къинхетам бо лор а, кертахь дан дезарш дIасалуьсту гIоьнча а ю ша дика хила нийят долуш кхуьу йоI.

Зудчун дозалла сийлахьчу Къуръан чохь хьахийна. Эвлаяаша лийрина оьзда йоI. 

Нохчийн зудчо лайначух назманаш яьхна, яздархоша васташ хIиттийна, суьрташдахкархоша церан оьзда сибаташ гайтина. Мехкан мостагIаша юрт ягийча, тур ойуш гина ю нохчийн йоI. ВорхI кIентан мехха ю беркате цхьа йоI. Оьзда йоI юьртарчу баккхийчу наха а лийрина. Нохчийн ярташкахь керла маьждиг а юьртарчу уггаре а оьздачу йоIе схьадоьллуьйтуш гIиллакх лелла.

Зуьдчуьнгахула (АллахI реза хуьлда Хадижатана) хиъна ду Пайхамар Пайхамар хилар. Зуда ю доьзална кечдо пхьор кIезиг бен ца хиллехь а, иза хьанал хиларна АллахIана хастам беш гинарг. Шен мискачу хIусамехь, куьйга кохьар хьийзош цхьана буса даъал бен доцу пхьор кечдеш, гIийла яьхначу, Сийлахьчу ден йоIана ПетIаматана АллахI реза хуьлда!

Доьзалхой бахьанехь я марзахошца, я баккхийчу нахаца а эвхьаза ца буьйлуш, оьзда чекхбевлла, АллахIана дуьхьал баханчу вайн оьздачу наношна ма гойла кошан гатто, жоьжахатин Iазап.

Воцург ву моттийта гIерташ, йохьах ца юхуш, шайн цIийндайн сий деш болу тхан йижарий, АллахIа хьостийла шу собаре дегнаш.

Нохчийн зудчун дезна къонах хилла яха. Нохчийн зуда – нохчийн къоман дозалла. ХIокху харц дуьненахь аш ларбина доьзалш. Шун оьздангалло юьхькIоман новкъахула схьадалийна, ларделла, хIокху дийне кхаьчна вайн къам.

Нохчийн кIантана ша йиша хоьтуьйтуш хилла ю цуьнан лулара хIора нохчийн йоI. Нохчаша цкъа а ца хьедина луларчу йоIе захало. Стаг волчу стага шен йишех санна жоп делла цунах. ЙоьIан сийна кхерам ца хилла къонахчун куьг шаьлтин мукъ тIе кховддалц бен. Ловзаргахь хелха йолучу йоIах ларамаза кхетта куьг, дожийна ду вашас, девешин кIанта, лулахочо, муьллхачу къонахчо а.

Маьрша а хилла нохчийн йоI. Цунах дош аьлла XVIII-чу бIешарахь ваьхначу гуьржийн яздархочо Казбеги Александра. «Кавказан халкъашлахь яха-ян массарел маьрша ю нохчийн зуда. Цо лардеш ду шен сий а, шен некъ а». Амма уггаре а хьалха доьзалан ирс, беркат ду дика йоI. Къаналлин гIортор ю дика йоI.

Нохчийн кицанехь ма-аллара ду дахарехь: «Ков-керт – кIантана, да-нана – йоIана». Кхаьънаш кIант вича дахахь а, говраш цуьнан сий деш хехкийтахь а, да декъалван йогIург-м дика йоI ю.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В подмосковном обкоме прошло собрание региональной организации «Дети войны»

Возрожден проект Сталина. На Сахалине построят стратегический объект

Цены растут: чтобы купить дом в Чувашии, нужно накопить в среднем четыре миллиона

Ураган «Эдгар» дошел до Пермского края ослабленным

Музыкальные новости

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

В "Атомайз" рассказали о смарт-контракте как главной составляющей ЦФА

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Почти 40 пар поучаствовали в турнире по конкуру на Кубок Гагарина в Щелкове

Новости России

Возрожден проект Сталина. На Сахалине построят стратегический объект

Ураган «Эдгар» дошел до Пермского края ослабленным

В Красноярском крае будут судить азербайджанца, который в 2006 году избил и изнасиловал певицу

Юрист Андрей Марочкин рассказал, почему Пугачевой сложно продать особняк в Истре

Экология в России и мире

Почти 1000 человек приняли участие в «МедЗабеге»

Ирина Ортман оставляет в прошлом «Всё, что было вчера».

АФК «Система» планирует модернизировать Вологодский текстильный комбинат

«Три богатыря. Ни дня без подвига» уже в кино! «Юмор FM» рекомендует

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Moscow.media

Axenix перевел разработку платформы In.Plan на сервисы Yandex Cloud

В Красноярском крае будут судить азербайджанца, который в 2006 году избил и изнасиловал певицу

Приморье. Взгляд.

Белые ночи Беломорья....







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *