Къаьмнаш махкахдахар емалдира Советан Iедало 30 шо хьалха
![Къаьмнаш махкахдахар емалдира Советан Iедало 30 шо хьалха](https://gdb.rferl.org/ee0394cd-9d66-4539-b852-9b737f862f69_tv_w800_h450.jpg)
Къаьмнаш, церан автономеш а йохош, махкахдахар зуламе дара, аьлла официалехь мах хадийра Сталинан заманахь леллачу репрессийн Советан Iедало 30 шо хьалха. 1989-чу шеран Лахьан-беттан 14-чу дийнахь тIеийцира «Низаме йоцуш а, зуламе а ларар, къаьмнаш ницкъаша кхечу меттигашка даха а ховшош, царна дуьхьал латтийна репрессеш, оцу къаьмнийн бакъонаш меттахIиттор» цIе йолу Деклараци.