Гадаев Мохьмад-Салахь. Т-е
![Гадаев Мохьмад-Салахь. Т-е](https://gdb.rferl.org/F67F97AC-C54D-4038-A801-A332FAC547CF_cx0_cy41_cw0_w800_h450.jpg)
Гадаев Мохьмад-Салахь
Т-е
Хьомсарчу доттагIчо
шийла букъ тоьхна,
бохамна бIарзъелла
хьаьвзиний хьо?
Моттазнарг доьссина,
ойланаш йоьхна,
сирла де Iаржделла
хIоьттиний хьо?
Хьаьвзинехь, хIоьттинехь
карла и даьлла,
суна хьо хиллачух
кхеталур ю.
ХIунда лазийра те
доттагI ас аьлла,
оьмаран эхарехь
хеталур ду.
Амма кхин кехатех
соьца ма ловза:
ловзаро деллариг
дендан тигац.
Мехий мел дахарах
исбаьхьа-говза,
доьхначу духарах
духар хилац.