Москвахь дийцарш дIахьур ду Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а делегацийн векалша. Церан тема хир ю тIаьхьарчу деношкахь, тIемаш беш оппозицино Iуналла дечу меттигашна тIедоьлхуш президентан Асад Башаран эскарш а долуш, Шеман къилбаседа-малхбузехь йолчу Идлиб провинцехь хIоьттина хьаьл.
Анкарано дийцарехь, Асадан ницкъаша машар барх лаьцна барт бохийна, Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а гаранти луш бина болу.