Таьххьара некъ. Мел генахь велларг а Даймахкахь дIаверзаво нохчаша
![Таьххьара некъ. Мел генахь велларг а Даймахкахь дIаверзаво нохчаша](https://gdb.rferl.org/e00763ea-4a0d-4c78-a099-d4cec9081609_tv_w800_h450.jpg)
Дуьне мел доккха делахь а, дахар Iожалле дирзича, шен чаккхе Нохчийчохь бен ца го нохчочунна. Иштта ю къоман яхчаелла яьлла амал. Малхбалехь я Малхбузехь велла стаг, дуккха ахча луш, даймахка дIахьажавойту гергарчара тахана а. Муха бу веллачун Нохчийчу кхочу некъаш? Даймахка иза кхачо аьтто ца нисбелча, стенгахь бIабухку шайн махкахой диаспораша? Цунах лаьцна ю Маршо Радион документалан фильм.