Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Мисарахь биснарш. ДIалецна ГIалгIайчуьра студенташ шайна депортаци яре хьоьжуш бу

Мисарахь биснарш. ДIалецна ГIалгIайчуьра студенташ шайна депортаци яре хьоьжуш бу

ШолгIа шо а доладелла ГIалгIайчуьра схьабевлла, аль-Азхаран уиниверситетан дешархой Мисаран Iедалхоша набахтехь латтош болу. Экстремизмаца боьзна бу аьлла, бехкаш дехкина царна. Ткъа хIинца а хууш хIума дац, лаьцначу цхьана гIалгIачун кхолламах.

2018-чу шарахь Марсхьокху-беттан 14-чохь Мисарахь вайра ГIалгIайчуьра пхи студент: Плиев Рамазан а, Дзейтов Iела а, Аушев Илез а, Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизир а.

ТIаьххьара цIе яьккхинарг СаIуда Iаьрбийчохь доьшуш вара, КъахIирерчу шен махкахой болчу хьошалгIа веанера иза аьхкенан мукъа ханна. Дугиев воцург, байна берриш а карийра пхи бутт баьлча набахтехь. Экстремизмна бехкехиларца шеконаш кхоллаеллера полисхойн церан хьокъехь.

Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министралло тIе ца дуьту, Дугиев варна шайн пачхьалкхан Iедалан бехк бу бохург, дIахьедира Кавказ.Реалиига КъахIирерчу Оьрсийчоьнан консулан декъан куьйгалхочо Абакаров Юсупа. Министраллан позици иштта ю: цаьргахь информаци яц, Дугиев шайн пачхьалкхе а кхаьчна, иза Мисарахь а вара аьлла.

Ткъа вукху студентех дерг аьлча, йа талламо а, йа, хIоразза а уьш чохь бахкоран хан 45 денна а, буьйсанна а дIаяхъечу кхело а, дуьйцуш дац гIуллакх талларх, йа хиллачу жамIех а, латкъамаш бо лецначийн гергарчара. Билггал царна дуьхьал даьхначу бехкех хууш хIума дац.

Цхьахволчу лаьцначу студентан хIусамнанас хаамбира Кавказ.Реалиига, шен цIийндас наггахь шеца цхьана чохь бахкхочу меттигерчу бахархошкахула косташ кхачадо шега аьлла. Царна тIаьхьа оьхучу гергарчара схьакхачадо цуьнга хIусамдегара кехаташ.

"ХIинца тхуна къаьстина, гIалгIайн кегийрхойн гIуллакхна тIехула бехке озийна кхин а цхьа Мисаран вахархо а, цуьнан зуда а, шемахо а, ГIирIизойчуьра схьаяьлла яхархо а. Информаци бакъ юй хьажа тхан аьтто бац. Талламхоша тхуна гойтуш кехаташ а дац. Оьрсийчуьрчу массо а инстанцешкахула чекхдевлла тхо, тхайн нах цIаберзон Iалашонца. Пачхьалкхан думан парламент а цхьана юкъаозийна оха, амма цкъачунна яьлла йист яц. ГIуллакх шега дIаэцначу Мисарарчу адвокатах а пайда ца бели",- аьлла, дийцина зудчо.

Лаьцначу Дзейтовн нанас Маликас дийцира, стохка дийнна шарахь шен кIанта а, цуьнан накъосташа а кехаташ кхоьхьуьйтура шайга, амма ГIуран-баттахь кехаташ севцира аьлла.

Са карзахдаьллера гергарчийн хIетахь, амма дукха ца Iаш Iарбойн маттахь кост кхаьчнера цаьрга. Цу тIехь кхеран доьзалхошца цхьана камера чохь латтийначо яздора, шаьш вовшахдаьхна аьлла. Дзейтов а, Чемурзиев а цхьана набахте хьажийнера, Плиев а, Аушев а кхечухьа. Ца битира уьш цигахь а цхьана камераш чохь.

ТIаккха КъахIире яхара Малика а, Исмаилан нана Чемурзиева Марем а. Стохка гурахь хиллачу кхелан кхеташонехь гIалгIаша тIедожийна хиллера, шаьш лецаран бахьанаш шайга схьахаийтар, шаьш бехке цахилар дIа а хьедеш.

"Тхо КъахIире доьлхучу хенахь оха хьалхха дIахаийтира Оьрсийчоьнан векалте тхаьш арабаьккхинчу некъах. Оха дийхира, тхайна дуьхьал дахкар а, тхайна гочдархо а лахьара аьлла. Цара жоп делира, оцу гIуллакхна тIехь накъосталла дан шайн бакъо яц аьлла. Тхуна ца лаьара, цигахь доьшуш болчу гIалгIайн кхечу студенташна тхайгара хьовзам баккха. Дика дара суна хIума дика дагахь лаьтташ хилар. Сайн кIента дуьхьа ницкъ кхечира сан ситуацехь юха ца яла. Ингалсан маттахь интернетехь цхьацца хIума карийра суна, дагахь Iамийра ас. Iарбойн маттахь уггар а коьртаниг интернетера схьаийцира", - дуьйцу Дзейтовас.

Иза а, Марем а набахтен хьаькамна тIеяхара.

"Iарбойн маттахь къамел дан дийзира цаьрца. "Сан хьоме кIант" аьлла, дехар дира ас цуьнга, тхо генара даьхкина а ду, тхайн берашца кест-кеста цхьанакхета бакъо лахьара ахь аьлла. КIиранах цкъа царна тIедуьтура тхо. Юха дехар дира оха, цхьана камера чохь мукъна а битахьара уьш аьлла. Ткъе итт стагана дийнна баттахь юург кхоьхьура оха, шина камера чохь латточу тутмакхашна. Тхан доьзалшца юучуьнца дакъа деш ма Iийнера уьш а. Ницкъ хуьлура тхуна чIогIа, ахчанца а аьтто бацара. ГIалгIайчуьрчу тхан массо а гергарчара ахчанаш тийсинера тхоьга, цунах а юург латтийра оха царна", - дуьйцу Дзейтовас.

Цо бахарехь, гIора а эшна карийра царна шайн бераш. Кхачам боллуш юург ца хиларна а, хIаваэ арадовлар а кIезиг хиларна. Дийнахь 20 минот хан ло царна хIаваэ бовла. Нагахь санна, латкъам бахь, шолгIачу дийнахь и хан а ца яла тарло.

Кху шиммо юх-юха а дехарш динчул тIаьхьа, лецна латтош хилла кегийрхой цхьанатуьйхира камера чохь.

Коронавирусан пандеми йолаелча, боху Дзейтовас, студентийн дайшна а, наношна а хиира, Канадера цаьрца чохь латтош хилла жимстаг цомгаш вуйла. Церан информацица, пачхьалкхан векалто араваьккхира иза цу чуьра. Ткъа дезинфекци еш набахтехь хих тоьхначу хлоркица цIано йира.

"РогIера кхелан кхеташо хиллачул тIаьхьа, тхо тешна дара, уьш маьршабохур бу аьлла. Тхан кIенташа дицинера суьдхочуьнга, шаьш низамаш талхийна цахиларх. Ткъа вукхо, къажа а къежна, жоп делла хиллера, хIаъ, шу дика бераш дуй хаьа суна аьлла. ШолгIачу дийнахь набахтен хадархошна хиинера, уьш чохь латтош кхин а 1,6 баттана сацам бинийла", - дийцина Дзейтовас.

Карарчу хенахь Гезгамашин-беттан 13-чу дийне кхаччалц дIаяхъйина церан хан.

Шен кIант гинчул тIаьхьа, шена хетачух дийцира Чемурзиева Марема а. Цо бахарехь, цомгаш ву цуьнан воI.

"Тхо цигахь долчу хенахь сан кIентан гIора дацара соьца къамел дан а. Цуьнан нерваш ян а яцара. Хьала а гIоттий, бIаьргех хиш а оьхуш, дIавоьдура иза. Кхечаьрца мелхо а атта хуьлура суна къамел дан. Ши шо ду тхан бераш банне а боцчу бехкаца хьийзош болу. Уьш бехке хиллехь хIун дара хьуна...Цхьана жимачу камера чохь латтош бу уьш, серло яц гуш. Массо а цхьана, устагIий санна, арабоху уьш, юха чу буьгу. Со дарбан цIийнехь болх беш ю, инфекцин декъехь санитархо ю со. Декхарех а, кредитех а йоьттина со. Мисара йоьдуш а, нахера ахчанаш а даьхна, яханера со. Официалан информаци ян а яц, схьахезочу хабаршка ла а доьгIуш, хан йоккхуш ду тхо", -аьлла, дийцина Марема.

Кеста гIуллакхах цхьа йист ер ю, йа уьш лецна ши шо даьллачул тIаьхьа Оьрсийчу царна депортаци йийр ю аьлла, дегайовхо ю ненан. Делахь а, цо бахарехь, Мисарахь меттигаш бу, цхьана артиклехь толлуш долу гIуллакх дIа а дерзадой, царна дуьхьал кхин бехкаш дохуш. Иштта чохь буьссу нах.

Цул совнах, дуьйцуш ду, оппозицин акцехь лаьцна Мисаран вахархочун паспорт карахь хилла Iамеркахо, ша лаьцна ворхI шо даьлча кхалхарх КъахIиран набахтехь.

Оьрсийчоьнан Мисарарчу векалтан консулаллан декъан куьйгалхочо Абакаров Юсупа дийцина Кавказ.Реалиига, лаьцна даьлла ши шо билламе дац, Марсхьокху-беттан 14-чохь студентийн кхолламах цхьа йист ериг хиларх а, дегайовхо яц аьлла.

Цул совнах, дагадоуьйту Абакаровс, карарчу хенахь чохь бахкор Гезгамашин-бутт юккъе боллалц дIадахдина хиларх.

"Цхьа шой, ах шой хьалха а адвокаташа чIагIдора, цу кепарчу гIуллакхийн ши шо даьлча йист йоккхуш хуьлу, бехкебечарна жимма хан а тухуш, иза а цара лаьцна яьккхийначу хенаца дIа а нисъеш бохуш. Оцу сацамца арабовла йиш яра церан, царна депортаци ян а йогIура. Оцу дийне чIогIа сатуьйсу чахь бахкочара а, церан дайша-наноша а. Бакъдерг аьлча, дегайовхо-м яц", - боху Абакаровс.

Студентех цхьахволчун дас-нанас Орсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле дахьийтинчу кехатна жоп делира стохка гурахь, шайн министралло тIедожийна "махкахой катоххий цIахьовсабе" аьлла. Кхи реакци ца йира урхалло.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

РПН: в Москве изъяли более 85 тонн продукции, способной вызвать ботулизм

Отдых на природе: как собраться на пикник и что взять с собой для комфорта и развлечений

Эксперт Дмитрий Ефимов высказался за формирование идеологии безопасности в России

Двух иностранцев задержали на северо-западе Москвы за изнасилование женщины

Музыкальные новости

«Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

В Дубне сотрудники Росгвардии помогли утиному семейству перейти оживленную трассу

Почти 40 пар поучаствовали в турнире по конкуру на Кубок Гагарина в Щелкове

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

Новости России

Отдых на природе: как собраться на пикник и что взять с собой для комфорта и развлечений

Подмосковный автогонщик одержал победу в Кубке России

В Москве подвели итоги Всероссийского конкурса "Без срока давности: непокорённые"

Онлайн-уроки по китайскому языку провели для школьников в Ногинске

Экология в России и мире

Строитель БАМа, работник филиала «Московский» компании «ЛокоТех-Сервис» награжден Почетным знаком за безупречный труд

PREMIER проведет фестиваль «Лето PREMIER» по всей России

Спрос на «русское» золото 585 пробы стабильно растет – исследование «585*ЗОЛОТОЙ»

«Три богатыря. Ни дня без подвига» уже в кино! «Юмор FM» рекомендует

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

A4Tech расширяет ассортимент линейки Fstyler: механические клавиатуры FS100 Neon и FS300

В МЧС объяснили появление пожарных у театра "Теремок"

Белые ночи Беломорья....

Краски севера VI







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *