ГIалгIайчохь хан кхайкхийна курхалла лелийначу юьртан экс-депутатана
![ГIалгIайчохь хан кхайкхийна курхалла лелийначу юьртан экс-депутатана](https://gdb.rferl.org/E3AA56E1-A42B-4A9B-ABDF-893E455A7080_w800_h450.jpg)
Хиллачу юьртан депутатана, арахь а вуьтуш, 4 шо хан кхайкхийна курхалла лелорна ГIалгIайчохь. Цуьнан цIе йоккхуш яц.
Меттигерчу талламан комитето бинчу хаамца, харц кехаташ а кечдина, 1995-чу шарахь Нохчийчуьра мухIажир ву ша аьлла, дIаязвелла хилла иза. Цуьнан Iалашо хилла, тIамах бевдда махкахбевллачу нахана хIусам нисъян луш долу ахча эца.
2017-чу шарахь ша кечдина кехаташ шен гергарчу стеган цIартIе даьхна хиллачу юьртан депутата, ткъа гергарчу стага хIусаман сертификат эцна 6 сов миллион сом барамехь.
Бехкаме хан тохарал а сов, экс-депутатан дезар ду пачхьалкхан ша дина зен меттахIотто.