World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Сийлаллица верзор? Францехь хьехархо вийнарг муха дIавоьллина Нохчийчохь

КIирандийнахь Нохчийчохь дIавоьллина Францехь историн хьехархо Пати Самюэл вийна Анзоров IабдуллахI. 200 сов вахархо хилла тезетахь, ткъа хаамийн гIирсаша довзийтира иза "вазварца верзор".


Талламан версица, 18 шо долчу Анзоровс ГIадужу-беттан 18-чохь, сарахь, Парижан йистехь вен а вийна, корта баьккхина Пати Самюэлан. Бахьана хилла цо школехь берашна Мохьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш гайтар. Францин полисхоша зулам динчу меттигна гергахь герз тоьхна вийна шаьш лоцуш Анзоров.


Таллам боьдучу юкъанна, шина баттахь, доьзале дIа ца луш латтийра Анзоровн дакъа. ГIура-беттан 5-чохь бен ца кхаьчна иза Нохчийчу, Хьалха-Мартанарчу Шалажа юьрта. Кеманца кхаьчна Стамбулера Соьлжа-ГIала. Оцу дийнахь дуьйна, карантинна дIакъовлу аьлла, полицино гоне лаьцна яра юрт.


КIирандийнахь, ГIура-беттан 6-чохь, Анзоров дIавоьллира шен дай, гергара нах болччу кешнашка.


Анзоровна гонах алссам тидам лелла хиларе терра, даржийна прессехь, иза боккхачу ларамца дIавоьллина аьлла. Хьал комментарица довзийта дийзира Оьрсийчоьнан пресс-векалан Песковн Дмитрийн а тIехь. Цо дIахьедира, шена хууш дац мел доккха-жима хилла хIоттийна тезет, аьлла, тIетуьйхира: "Шеко йоццуш алалуш ду цхьаъ, хьехориг ду терроран тохар, иза, тIе боккха бехк а буьллуш, емалдан бен ца дуьсу".


200 гергга стаг вахана Анзоровн тезета. Иза Къилбаседа Кавказерчу барамна могIара хIума ду, боху нохчийн историка Осмаев Iаббаса.




"Цхьа а тезет ца дуьсу алссам адам ца доьдуш, дехой хуьлий ца Iа цигахь, хуьлу ненахой, захалш, церан массеран а гергарнаш", – билгалдоккху Осмаевс.


"Шалажехь уггаре доккхачу тайпанах бу АнзоровгIар, цундела цецдийла ца оьшу тезета мел дукха нах бахарх а", - элира кадамехь хиллачу меттигерчу яхархочо Ялхароева Маккас.


Вазвеш дIавоьллина Анзоров аьлла даьржина къамел харцдира Шалажан юьртдас Магомадов Салмана. Цо бахарехь, юьрта йисте блокпост хIоттийна регионехь коронавирус яьржина хиларна. Ун лелаш хиларе терра, миноташкахь бен ца совцуьйтуш, нахе дIасабахар доьхура тезетан дайша.


"Бусалба тезетахь ца вазво стагга а, Деле гечдар доьху хIораннана а цхьабосса. Дисинарг дерриг а кхетам могуш боцучара кхуллу. Тезета буха ца дуьллу стаг муха, стенах велла", - иштта мах хадийра прессо Анзоров вазвеш дIавоьллина аьлла яздечун юкъаллин жигархочо Караев Руслана.


Массо а ца теша Францехь хиллачух лаьцна официалехь дийцинчух. "Говорит Москва" радиона интервью луш Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь йолчу адамийн бакъонийн кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас ша ца теша элира 18 шо долчу кIанта и тайпа зулам дина бохучух. Цунна хетарехь, "Францин къайлахчу ницкъаша зуламна бухакхоьссина" Анзоров.


Оцу юкъанна Анзоровна турпалан васт кхолла а гIоьртира Нохчийчуьра цхьаболу нах, иза "бусалбанашна хьалхара валар" сийлалле доккхуш. Иза дIаволла де дуьсуш социалан машанашкахь сурт даьржира, цу тIехь гойтура Шалажера Шерипов Асламбекан урамехь, цунах Анзоровн урам беш, газан биргIанах тоьхна керла цIе. Юьртдас Магомадовс оцу хьокъехь даржийра, "провокаци ю йинарг, бакъ дац ", аьлла. ТIаьхьо гучуделира меттигерчу цхьана вахархочо хаттар-алар а доцуш, ша-шеггара у дIалатийна хилар.


"Нийса дац цунах турпал вийраш дукха бу бохург. Техетахь хиллачу наха кеп-кепара хадабо кхелхинчо диначун мах. Суна хетарехь, бехкбуьллурш алсамо бара, кхечара шаьш ца кхета 18 шо долчу кIанта иштаниг муха дийр ду, бохура, кхечара карикатураш бехкейора", – дуьйцу тезетахь хиллачу Ялхароевас.


Кавказ.Реалиин аьтто ца белира Шалажерчу Iедалан векалшкара комментари эца.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В лесу в Новой Москве нашли тело мужчины с ножевыми ранениями

Выездную регистрацию брака выбрали 25 пар реутовчан

Нижний Тагил. От ОСОАВИАХИМа до ДОСААФа

Глеб Никитин поздравил Равиля Гайнутдина с избранием на пост главного муфтия России

Музыкальные новости

Сергей Собянин рассказал о новых резидентах ОЭЗ «Технополис Москва»

«Спартак» — «Динамо» Москва — 2:2. Видеообзор матча РПЛ

«Спартак» одерживает волевую победу над «Динамо» после 1-го тайма: видео голов

Лавров: Путин пошутил, говоря о поддержке Харрис на выборах президента США

Новости России

«Да подожгли его». В Подольске у ЖД станции загорелись торговые павильоны

Прокуратура: в лесу в Новой Москве нашли изрезанный труп 27-летнего мужчины

В Пулково задерживаются семь рейсов

Педагог из лицея № 4 в Коломне стал лучшим учителем-предметником Подмосковья

Экология в России и мире

Чистота — залог здоровья

Электрокардиостимуляторы для сердца - 40 грамм, которые могут изменить жизнь

Кондитер из Краснодара (Усть-Лабинска) приготовила торт на годовщину свадьбы Ксении Собчак и Константина Богомолова!

Песня под Ключ. Купить Песню под Ключ. Запись Песни под Ключ.

Спорт в России и мире

Касаткина проиграла Хаддад-Майе в финале турнира WTA 500 в Сеуле

Карен Хачанов проиграл 124-й ракетке мира во втором круге турнира в Ханчжоу

Хромачева и Данилина вышли в финал турнира в Хуахине

Россиянин Алибек Качмазов вышел в основную сетку турнира ATP-250 в Чэнду

Moscow.media

Песня под Ключ. Купить Песню под Ключ. Запись Песни под Ключ.

Полноводный Студёный...

Елена и Рокки

Вид со Стоозерки на хребет Большой Аннгачак.







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *