World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ХIара тезет ду я ловзар ду?". Нохчийчохь тезетан ламасташ хийцарх

ТIаьххьарчу шерашкахь хийцаделла догIу, хIинццалц тезетахь лелош хилла гIиллакхаш: "нахал а эшна ца дисархьама" бохуш, веллачун гергарнаш декхаре хуьлу тезетахь шаьш дийнна шарахь аьлча санна, схьаоьцу алапаш дохка. Пандемино а тIеIаткъам бина - меттигерчу бахархоша дуьйцу, нах дукха леш хиларх шайн-шайн эвлашкахь, ткъа официалехь дIакхийкхон терахьаш лахара ду.


10 шо хьалха юьртахь стаг велча, тезет массарна а хIуттуш дара, дагалоьцу Веданан кIоштарчу 80 шаре яьллачу яхархочо Тумишас: "Дийнна кIиранах юург ца йора стаг веллачу кертахь - церан тхевнах кIур ирахбаха йиш яцара. Цундела тезетан хьалхарчу деношкахь лулахоша юург латтайора сингаттам беанчу нахана. Телехьожийла ца латош шо долура стаг веллачу хIусамехь. Массо а лулахоша цуьнца вон доькъуш, шайн-шайн кевнаш доьллура. Дехьа-сехьара баьхкинарш лулахоша шайн чубуьгий, цигахь ламаз дойтий, хIума йоуьйтий, новкъа бохура".




ТIаьххьарчу 10 шерашкахь дерриг а хийцаделла, боху къамел дечо, "стаг велча цхьа а цец ца вуьйлу".


"Доггах стаг веллачух дог лозурш кIезиг хуьлу. Кадаме схьабогIу зударий, вон деанчун юьхь ган улло боьлхий, белха а боьлхий, тIехьарчу гIенташ тIе охьа а ховший, дийно сарралц я эладитанаш дуьйцуш, я телефонаш чохь хан йоккхуш Iа, - дуьйцу Тумишас кхиндIа. - ТIаккха дехьа чу а бовлий, цигахь юуш-молуш бехха Iа, ша ресторанехь санна. Сингаттам беанчу нахах доглазар ледара ду. Кхин а доьхнарг ду: кхузахь тезет ду, дехьарчу урамехь ловзар хуьлу".




"Тахана дуккхаъ хIума хийцаделла, амма дикачу агIор бац и хийцамаш. Гиний шуна, тезетахь стоьлаш муха хIиттайо? Ша ловзаргахь санна! Уггар а тоьлла пхьегIаш схьаоьцу, тоххара кешнашкара кхоьхьура мел оьшург. Цигахь лерина дина цIа ду, цу чохь латтош бу стаг верзош мел оьшу гIирс. Кадам бан мел еанчу зудчун кара тIоьрмигаш ло, чохь цхьацца сурсаташ йолуш. Цигахь а озабезамаш ма лелабо: "Хьажал, дIогара сан йоьIан марнана ю, цунна алсам стоьмаш бахкалахь тIоьрмигчу, хIара - вайн юьртден нана ю, цунна а тоьл-тоьлларг чуйилла" бохуш", - дуьйцу тезетарчу хьолах Нохчийчуьрчу яхархочо Гатаева ХIижана.


Масех шо хьалха Веданан кIоштарчу молланаша вовшах дага а бевлла, юьртахь низам хIоттийнера, тIоьрмигаш юкъара дохуш. Тезетахь стоьлаш тIехь жижиг, чорпа, чай, кхин совнах хIума ма хилийта, кхин дерг эрна хIуманаш ду аьлла, дIа а кхайкхийра.




Дайша лелийначу ламасташна а, тахана юкъадаьхначу гIиллакхашна а юкъахь йоккха башхалла хилар тIечIагIдира Нохчийчуьрчу цхьахйолчу юьртан туркхо а. Цуьнан декхар ду стаг велча тезет кхайкхор, иза шен барамашца дIадахьарна тIехь терго латтор а.


"Тоххара юьртахь стаг велча, массарна а хаьара, тезет дуйла а, и стаг дIа а вуллура оьзда, совнахдерг а ца лелош. Ткъа хIинца, сингаттам беанчу нехан чу хьо водахь, воха а вухий вуьсу-кх: ванах, кхузахь тезет ду-те я ловзар ду? - цецвуьйлу къамел дийриг. - Ша тоьллачу ресторанашкахь санна хIиттийна стоьлаш хуьлу. Халла хене вуьйлучу стагана атта ма дац царна тIаьхьакхиа. Шен чуьра стаг велла, бохам беанчу стеган кхин а тIе корта лазаболу, ша хIун дер, наха санна, шорто а йолуш муха дIавуллур вара-те ша шен стаг, олий".


Хийцаделла, боху туркхо, тезета боьлхучу нехан духар а цхьана. Хьалха тезета къовлабелла боьлхура, ткъа хIинца маршо яьккхина цу тIехь а.


"Дукхахболу зударий ша концерте санна кечлой богIу тезета. ТIелетта кучамаш, лекха кIажош долчу туфленашца татанаш а деш. Кегийчу нахах дерг аьлча, цхьана агIор, со воккхавоь, стаг дIавуллучу мехалчу гIуллакхехь цара юьстах ца Iаш, дакъалоцуш хиларна, амма, реза вац со, тезета богIуш цара тIедухучу духарна. Йоца футболкаш, тIелетта джинсан  хечеш, коьртахь хIума йоцуш тезета оьху нах а алсамбевлла. Дино магош ма дац, коьртахь куй я пес доцуш тезета хIотта", - дуьйцу юьртан туркхо.


Нохчийн этнографа Берсанова Залпаа билгалдаккхарца, божарша тезета воьдуш лелочу духарца хийцамаш бац.


"Деха пхьош хила дезара кучан, лога тIехь а дIакъевлина. Зударий тоххара Iаьржа йовлакхаш а тохкий, лаьтте кхочуш, деха пхьуьйшаш долчу кучамашца хуьлура, юьхь тIе хьаькхна басар-пудар ца хуьлура", - дуьйцу этнографа.


ТIаьххьарчу заманчохь дукха а хIума хийцаделла хилар, бакъдо цо а. Пандемино лечу нехан терахь лакхадаьккхина, боху Берсановас. Адам наггахь бен ца доьлху, амма тезета, када вахар массарна а тIехь дуьсуш ду, хьалха а санна, боху цо.


"Тезета вахар - декхар ду, карантин йолчу хенахь, масала, Зазадокху-бутт бовш юкъаяьккхина, Товбеца-батте елир-кх карантин, хIетахь аьтто бацара ваха, - дуьйцу Берсановас. - Хьалха тезет доьдучу кертахь юург кечъеш, юуш дан а дацара. Сингаттам беанарш лулахоша шайн чу буьгура бузон. ХIинца дерриг а хийцаделла: тезет лаьттачу кхаа дийнахь зударий болчу кертахь кхача кечбо, латтабо. Наггахь бен ца хуьлу лулахойн керташкахь еш. Дукха хьолахь, кхехкина жижиг, чорпа, бепиг хуьлу, амма цхьаболучара, ловзаргахь санна, кеп-кепара даарш хIиттадо".


Хьалхарчу кхаа дийнахь тезетахь харж алсам йолу, дуьйцу этнографо. Шаьш бахархоша юкъадаьккхинчу ламастца а догIуш, шайн чуьра стаг лахь, юучуьнца шорто латтон еза цара.


"Стаг веллачу хьалхарчу еарин дийнахь, тезет дерзош - сагIадаккхар хуьлу. Дукха хьолахь, бежан доь, жижиг дIасадоькъу, веллачун хIусамехь мовлид йоьшу, я зикарш до. Кеп-кепарчу сурсатех дуьзна тIоьрмигаш а дIадоькъу. Оцу боллу барамна 300 эзар сом ахча хьашт ду, делахь а, массеран а кеп-кепара хила тарло. Нехан тароне хьажжина а, оьхучу нехан барамаца доьзна а нисло и", - дерзийра шен къамел этнографо.


Имамаша а цхьана кхайкхамаш бо бахархошка, стаг веллачохь тIех хIуманаш ма леладе, бохуш.


"Дукхахберш халла межарг бууш бу, хIетте а, шайн ма-хуьллу шайн стаг дIавуллуш нахал а эшна ца Iа гIерта уьш. Рузбанехь сайн мел хуьлучу хьехамашкахь и цхьаъ ду ас даим а далхориг: кхоамбоцург лелор динехь а магош дац, тезетахь сов дерг лелон мегаш дац бохуш. ХIетте а, со хезаш стаг-м вац", - боху лаьмнашкарчу кIоштан имамо Сайд-Ахьмада (цуьнан лаамца цIе хийцина редакцино)


Делахь а, велла стаг верзорехь керла юкъадаьхна ламасташ товш берш а бу. Масала, 70 шаре ваьлла Сирж-Эвлара Сайпуддин ву, цо ма-боххура, "хьакъ доллуш" ша дIаволла луучех.


"Со воьккхавоь тахана тхан эвлахь стаг вуллуш лелочу барамах. Шеца коша цхьаммо а хIумма а дIахьур ма дац! Цундела оцу деношкахь шортта рицкъ охьа а дуьллуш, хIумма а кхоа а ца деш, дIадахьа деза тезет", - элира цо.


 






Нохчийчохь стаг дIавуллуш мел ахча дIадоьду хьаьжира Кавказ.Реалиин корреспондент, цхьадолу мехаш схьаэцна "Авито" олучу сайтера.


Чурт - 15-20 эзар сом;

Бакъдолу чурт - 65 эзар сом;

Чуртана тIетуху йоза - 2-4 эзар сом;

Стаг лийчор, марчо хьарчор - 10 эзар сом;

Капфарат - 1, 5 эзар сом;

Марчо - 6 эзар сом.


Оцу юкъанна, Нохчийчохь юккъерчу барамехь аьлча, белхан алапа ду 13-15 эзар сом. Къилбаседа Кавказан мехкашкахь пандемин муьрехь къаьсттина лакхара гойту белхазаллин процент.


Ткъа федералан Iедалхоша 2020-чу шарахь Чиллан-беттан 1-чу дийнахь хIоттийначу барамца, стаг дIаволла кхачориг 6 130 эзар сом бен дац.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Синоптик рассказал, когда в Московский регион придет зима

Стало известно, когда в Тульской области начнется зима

Названы ранние симптомы одного из самых смертоносных видов рака, которым мы радуемся

Чем отличаются дети, рожденные естественным путем и с помощью кесарева сечения?

Музыкальные новости

«Он был как разъяренная чихуахуа!» Егор Шип пригрозил блогеру Андрею Савочкину встречей в Москве в новом выпуске реалити «Первые на деревне» на ТНТ

Кабинет Артиста в Яндекс. Кабинет Артиста в Яндекс Музыке. Личный кабинет Артиста в Яндекс Музыке.

Ульяновское «Динамо» привезло две «бронзы» из Абхазии

"Спартак" ищет Зиньковскому новую команду и готов отпустить игрока зимой

Новости России

Что произошло 20 октября в истории Якутии

Многодетная семья из Тульской области стала победителем Всероссийского конкурса «Семья года»

Молдаване выстроились в очереди на избирательных участках в России

Правительство выделяет почти 7 млрд рублей на льготную сельскую ипотеку

Экология в России и мире

Российские туристы побывали в Японии и были шокированы низкими ценами

Неделя родительской компетентности! Бесплатные онлайн-мероприятия, организованные в рамках Года семьи, будут посвящены психологическому здоровью детей и их родителей.

"Женское дело. Лаборатория успеха". В гостях Олеся Самотой

Фонд Юрия Лужкова награждает победителей экономического диктанта-2024

Спорт в России и мире

Хачанов вышел в четвертьфинал турнира ATP в Алма-Ате

Стокгольм (ATP). 2-й круг. Берреттини играет со Штрикером, Грикспор – с Фернли, Рууд встретится с Сонего, Пол – с Дьере

Андрей Рублёв о медицинской драме: операция спасла от ампутации

Касаткина прошла в четвертьфинал турнира в Нинбо

Moscow.media

Учитесь как ездить на электричках бесплатно

Оборудование, лодки и электроприборы стали чаще доставлять в маркетплейсы в 2024 году

Компании Pango Cars и Caready открыли первый в России совместный центр. Чем он интересен?

Toxi$ в VK Stadium: выиграй билеты на Like FM







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *