Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ХIара юьхьIаьржо ю". "Со Кадыровн пехотинец ву" флешмоб хIунда ца яьржина?

"Я пехотинец Кадырова" аьлла, флешмоб йолийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Даудов Iумара инстаграмехь. Масийтта дийнахь цунах дIакхийтира 500 гергга стаг, царех доккхахадолу дакъа – нохчийн хьаькамаш а, кеп-кепарчу тIегIашкара депутаташ а. Халкъ Кадыров Рамзанехьа хилар дIагайта Iалашонца юкъаяьккхина флешмоб кIелйисира, амма рогIера юха а гайтира мехкан башхалла – Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а эпсарша а, федералан урхаллийн белхахоша а кхузахь шаьш лору Кадыровн "пехотинцаш".

"Ассаламу Iалейкум! Дозаллица йолайо флешмоб. Эстафета дIакховдайо массаьрга а" – оцу доца йозанца Умаровс Чиллан-беттан 10-чохь юкъаяьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгахьа флешмоб. Кадыров даржах мукъаваккхар тIедожош, 200 эзар сов стага куьйгаш яздинчу, политико Яшин Ильяс кхайкхийначу петицина дуьхьал йолийнера флешмоб.

Маса оцу флешмобах дIакхийтира, "Со Кадыровн пехотинец ву" хештегца иттаннашкахь хьаькамаш, шайн цуьнца даьхна суьрташ хIиттош.

Мехкан урхалхочуьнга куьйг делла сурт даккха аьтто ца хиллачара, цхьанакепара видеош хIиттайора, иза юкъахь волуш, цхьаццаерш беламе яра. Масала, Нохчийчуьрчу Пенсин фондан декъан аккаунтехь "шеф-чемпион" аьлла, видео хIоттийнера, цу тIехь дуьхьалонашца йолчу йоцачу асанахула ведда чекхволучу Кадыровс, чолхе тIедахкарш кхочуш ца дора.

 

Дукхахайолчу меттигашкахь видеош йолайора дешнашца: "Хазахетарца/дозаллица караоьцу "Со Кадыровн пехотинец" эстафета! Амма цхьайолу аккаунташ къаьсташ хуьлура.

"Суна чIогIа сийлахь ду сан хьомсарчу вежаршкара, вайн къоман Лидеран, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан командин ветеранашкара #ЯпехотинецКадырова эстафета схьаэца… Доллу нохчийн къам юкъара, бохалур боцу барт болуш, республикан куьйгалхочун тахана тIетовжийла а, гIоьналла а хилла дIахIоьттина", - иштта пост хIоттийнера Нохчийчуьрчу Лаха-Невран кIоштан администрацин аккаунтехь.

Оцу публикацина йина цхьа комментарий ю – къоначу доьзалашна а, говзанчашна а гIо дечу пачхьалкхан программи юкъа бахаре дуккха а шерашкахь сатуьйсучу СугаиповгIеран доьзалан латкъам. Царна жоп деллера, гIо дан ахча дац, ткъа хIинца уьш чекх ца бовла тарло церан зенашца аьлла.

МутIахьхилар дIагайтар

Флешмобах дIакхийтира, масала, ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор Ахмадов Чингиз а, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, регионан урхалхочун 14 шо долу воI Кадыров Адам а, Пачхьалкхан Думан депутат Лечхаджиев Руслан а, Догаев Ахьмад а.

Кадыров Рамзанан "пехотинцаш" ду шаьш аьлла, дIакхайкхийра иштта Нохчийчуьрчу Пенсин фондан куьйгалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис а, "Ахмат" клубан директора Эдилов Валида а, "Ахмат Арена" спорткомплексан директора Мацуев Мохьмада а, Нохчийчуьра " ВТБ Банкан" урхалхочо Саидов Ахьмада а, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан университетан ректора Минцаев Мохьмада а, республикера Федералан казначействон урхаллин куьйгалхочо Магомадов Iабдуллас а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Германехь векал волчу Дугазаев Тимура а, регионан куьйгалхочун адмиристрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа а, республикера Чоьтан палатин хьалханчас Байбетиров Хьамида а, Iарбойн а, бусулбачийн а мехкашкара Нохчийчоьнан куьйгалхочун векало Даудов Туркос а, Оьрсийчоьнан президент волчахь юьззина бакъонаш йолу Нохчийчоьнан векал Таймасханов Бекхан а.

 

Оцу тайпа посташ хIиттийнера дийнна организацеша а – меттигера Пенисн фондан дакъа ца лерича, "Почта России" декъо а, Соьлжа-ГIалин мэрино а, Дубовская станицера школано а, Соьлжа-ГIаларчу МВД-н урхалло а, Нохчийчуьра Iилманан академиино а, Олхазар-КӀотаран администрацино а, Юкъараллин палато а, Нажин-Юьртарчу дарбан хIусамо а, Веданан кIоштарчу культурин декъо а цхьаьна.

Цул совнах, Кадыровн "пехотинцаш" хилира МВД-н цхьа могIа эпсарш, иштта харжамхойн комиссин куьйгалхо Байханов Iумар а.

Флешмобах а, цуьнан жамIех а Кавказ.Реалиина дуьйцучу политолого Кынев Александра дIахьедира, йоллу Оьрсийчоьнах къаьсташ дукха хенахь дуьйна Нохчийчохь лаьтташ политикан режим хиларх – низамаш цигахь массанхьа а санна лелаш дац.

Къамел динчо кхеторехь, республикера федералан структурийн векалш дикка кIеззигаха боьзна бу Москварчу куьйгаллех, кхечу регионашкахьчул а.

"МуьтIахьалла дIагайтарх дерг аьлча, муьлххачу авторитаран режимехь цхьацца хиламашна тIеузий кест-кеста тулгIенаш нисло. Авторитаран рожана кест-кеста оьшуш ду цуьнан лидерна тешаме хилар бахархоша дIагайтар. И схьадогIуш хила тарло кризисан хьелашкахь, бакъонаш дIаяхъечу хенахь, иштта кхин дIа а. Массара а гIоьналла латтон ша ритуал – дукха тIех гIараяьлла технологи ю", - боху Кыневс.

"Кадыровхойн юхабазбар"

Бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар ("Я пехотинец Кадырова" аьллачу посташкахь дукха хьолахь неIалташ кхийкхадо цуьнан доьзална) тешна ву, Нохчийчохь лелаш Оьрсийчоьнан низамаш дац, Кадыровн тIедахкарш ду аьлла. Оцу ситуацехь, къамел динчунна хетарехь, Кремль шен юьхь ларъян хьийза. Делахь а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша "кхиийна ю, Москвара кхочучу омранех кхеташ йоцу хIума", тешна ву Янгулбаев.

"Дерриг а Кадыровгара а, Кадыровгахула а ду. Субъектан урхалхочух йозуш йоцуш хила еза федералан структураш а цхьаьна, ала мегар ду, цунна муьтIахь ю. Цхьна а кхечу Оьрсийчоьнан регионехь хуьлийла дац, МВД-н а, Росгвардин а белхахой губернаторо бохург деш", - дуьйцу бакъоларъярхочо.

Цуьнан дешнашца, кадыровцийн флешмоб ца яьржира, мехкан республикан бахархошлахь стенна дуьйцура, Путин Владимиран а, КадыровгIеран Ахьмадан а, Рамзанан а суьрташна бухахь болх бечарлахь а ур-атталла.

 

"Сан нана лачкъорца, цо [Нохчийчоьнан куьйгалхочо] дика гайтира, билггал ша мила ву, шега дегабаам байтича, ша дендолчух а. Шен репутаци лаьттах йоьллина цо. Ша флешмоб нохчий ларар дацара, йа боллу хьаькамаш ларар а, беккъа кадыровцаш билгалбахар хилира. ТIаьххьалц цуьнца хила кийча берш, цуьнан зуламаш къобалдеш", - дерзийра къамел Янгулбаевс.

2007-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчоьнан Республикан урхаллехь ву Кадыров Рамзан. Оцу заманчохь Оьрсийчуьра а, Американ Цхьаьнатохначу Штаташа а, Евросоюзо а масийттазза билгладаьккхира, регионехь адамийн бакъонашца лаьтта тиша хьал. Дуьйцург ду кхел йоцуш нах байъар, ЛГБ юкъараллин векалшна тIаьхьабевлла хьийзар а. Дохку бехкаш тIе ца дуьту Кадыровс а, цуьнан гоно а.

"Суна сайнна бевза, и дерриг а ца тов, цаьргара бехкбоккхуш, шайна Iедалхой ца беза кадыровцаш. Кхета со, дукхахболчарна, ницкъахошна а цхьаьна, "Я пехотинец Кадырова" боху дIахьедар эхье ду. Церан кхин харжам бац, и некъ цара къастийна бу. Ца хуьлчу далахь, "гейш", "ямартхой" бу аьлла, уьш махках бохур бу", - боху нохчийн жигархочо Бакаев Iелас.

Цо билгалдоккху, "пехотинец" боху цIе къоман ламасташца догIуш цахилар: "Нохчий цкъа а цхьаьннан а пехотехь хилла бац. Паччахьан заманахь, паччахьан эскарехь тIемаш беш нохчий болчу хенахь а ур-атталла".

Бакаевна хетарехь, флешмоб шуьйра, массарна а хезаш кхайкха ца йо кадыровцаша, хIунда аьлча, республикерчу бахархойн баккъал а шайгахьа йолу дог-ойла хууш хиларна. АгIонашка язбеллачара къевлина йоцчу хьаькамийн аккаунташкахь язъечу комментарешка хьаьжча а, гуш ду иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан гоно а ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш, дIахьедарш дира, Соьлжа-ГIалахь митинг а хIоттийра царна дуьхьал, зорбанашкахь яздарца, бюджетан белхахой бертаза бигира цигахь дакъалаца. Кремль дуьхьал хилира оцу ситуацина юкъагIорта, делахь а, Оьрсийчоьнан президентаца Нохчийчоьнан куьйгалхочун Москвахь Чиллан-беттан 3-чохь цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Кадыров а, цуьнан агIончаш а севцира ЯнгулбаевгIар буьйцучуьра.

Чиллан-беттан 7-чохь Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс онлайн-петици хIоттийра Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Кадыров Рамзан даржера дIаваккхар тIедожош. 24 сахьтехь цунна куьйгаш яздира Change.org платформи тIехь 100 эзар стага. Кремло дIахьедира, петици дош ца хета шайна аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыровс хIинццалц схьа масийттазза "Путинан пехотинец" ву ша олура.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве больной мальчик выпал из окна больницы и погиб

АРМЕНИЯ. День памяти и скорби встретили в России и странах СНГ

«Он карабкался за каждую ниточку»: подросток выпал из окна больницы в Москве и погиб

Секс-работникам в Бельгии позволят заключать трудовые контракты

Музыкальные новости

Сказка Ульгэра «Волшебные башмачки Элли» по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

Более 500 спортсменов поучаствовали в фестивале «Спорт для всех» в Мытищах

Новости России

Гражданка Чехии погибла из-за влетевшего в окно ее машины камня

Предсказание отрубленной головы. Как умер директор Музея кочевых культур

В Москве больной мальчик выпал из окна больницы и погиб

«Он карабкался за каждую ниточку»: подросток выпал из окна больницы в Москве и погиб

Экология в России и мире

В Красноярском крае будут судить азербайджанца, который в 2006 году избил и изнасиловал певицу

BIA Technologies вошла в число ведущих интеграторов программных и аппаратных решений России

Крупный российский туроператор начал продажи туров в Таиланд со скидками 15%

Опубликован список авиакомпаний и их цены на перелёты в Таиланд этим летом

Спорт в России и мире

Теннисисты Медведев и Рублев сохранили позиции в рейтинге ATP

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Moscow.media

История одного похода

Бабушка не дошла за внучкой в детсад: в Орле на пешеходном переходе машина сбила женщину-пенсионерку

Приморье. Взгляд.

ГК «Кориб» перевела кадровое делопроизводство в электронный формат с помощью HRlink







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *