Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелатар дарна бехкзуламан гIуллакх долийна

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелатар дарна бехкзуламан гIуллакх долийна

Де хьалха Нохчийчохь "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а динчу тIелатаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна могушаллина зен дарна а, хулиганалла лелорна а.

Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга дIахьедина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин хьалханчас Волков Виталийс, хаамбина урхаллин официалан телеграм-каналехь.

Iедалан шина къепехула айдина гIуллакх: хаа а хууш, хулиганийн дог-ойланца цхьана тобано герз а лелош, йуккъерчу барамехь могушаллина зен дарна а, хуъушехь дайн зен дарна могушаллина хулиганийн леларшца, герзах пайда а оьцуш.

Оцу йукъанна зуламан кодексан артиклашкахь дайн а, йуккъерчу барамехь а могушаллина зен дарх цхьа пункт йу, "цу адаман (зен хиллачун.- Билгалдаккхар.) белхан гIуллакхах йа йукъараллин декхар кхочушдарх" хьакхалуш. Талламан комитетан информацица и пункт йукъайалийна йац.

Талламан комитетан хаамашца, хIинца "цхьа комплекс талламан а, оперативан-лехамийн а барамаш бу дIахьош, оцу зуламна бехкеберш схьакарон".

Де хьалха Бастрыкин Александра тIедиллира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочунна Волков Виталийна гIуллакхе хьажа, журналистана а, адвокатана а тIелатарх шега цул тIаьхьа информаци а кхачайе аьлла.

Лаха Новгородера лачкъийна йигинчу, суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамненан, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Цунна дуьхьал айдинчу бектакхаман гIуллакхехула 4-чохь таIзар кхайкхийна Мусаева Заремина – оцу тIехула йеанера Нохчийчу Милашина а. Аэропортера Соьлжа-ГIала и шиъ догIучу заманчохь дина царна тIелатар. Бевзаш боцчу наха къизаллица йиттина царна, йохийна йоллу техкника, кхерамаш тийсинера, герзаца.

Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, урс тоьхна цуьнан когах. Царна хетарехь, оцу версина тIетов "Iазапашна дуьхьало латтон Командан" бакъоларйархой а, тIелатар доьзна ду цара бечу балхаца.

Соьлжа-ГIалара Къилбаседа ХIирийчоьнан Беслан гIаларчу дарбанан цIийне дIайигира журналист Милашина Елена а, адвокат Немов Александр а, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Солтаевца цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву бохура, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа, хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Хаамбарехь, цул тIаьхьа Милашина Буьри-ГIалар дарбанан цIийне йигира, КТ-аппарат Бесланера йохарна.

Товбеца-беттан 5-чохь буса кхо сахьт долучу хенахь Милашина а, Немов а охьадиллира Москвара Боткинан дарбанан хIусаме. Буьри-ГIалара Москва дигира и шиъ лерринчу кеманахь, цаьрца цхьаьна вара "Эхо Москвы" радиостанцин коьрта редактор Венедиктов Алексей а, "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, лоьрийн тоба а. Венедиктовс бахарехь, цунна муьлш бу цахуучу наха мах дIабеллера и кема лоцург.

Президенте Путин Владимире дIахаийтина тIелатарх лаьцна. "Маса, хIайтаьлла талла деза" и гIулулакх элира президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дош делла, Нохчийчохь Милашина Еленина а, Немов Александрна а динчу тIелатаран "йист йаккха". Инцидентах дуьйцу итт сахьт даьлалчул тIаьхьа вистхиллера иза.

Товбеца-беттан 4-чохь Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара набахтехь даккха пхи шой ахшой кхайкхийра Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а бехкейина. Адвокаташ а, бакъоларйархой а тешна бу, и гIуллакх цара шайггара долийна хиларх. Оццул хан тоха цунна  аьлла, тIедожийнера прокуроро а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера ЯнгулбаевгIеран петар чу лилхира кадыровхой. Цара лачкъийра суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 52 шо долу хIусамнана, нохчийн жигархойн Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана Мусаева Зарема, бертаза дIайигира иза Соьлжа-ГIала.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Доходность частных домов в Амурской области выше, чем по России

Андрей Воробьев поздравил медиков с профессиональным праздником

Сегодня в Чебоксары прибудет чудотворная икона, перед которой молились Минин и Пожарский

Тренировки сменили на творчество и игры

Музыкальные новости

«Магнит» планирует строительство нового склада в Ленобласти

Пожар у станции «Динамо» в Москве потушен

МО Финляндии: страна направит РФ ноту о подозрении в нарушении воздушных границ

Военнослужащие Красноярского соединения стали призерами Чемпионата Сибирского округа Росгвардии по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия

Новости России

Капитан Евразия: 70 лет Сергею Курехину, музыканту и трикстеру

Почти 90% россиян выступили за закон о домашнем насилии

Тренировки сменили на творчество и игры

Сегодня в Чебоксары прибудет чудотворная икона, перед которой молились Минин и Пожарский

Экология в России и мире

Proenza Schouler Pre-Fall 2024

Фотопрогулка по советским городам. Классная подборка!

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Спорт в России и мире

Медведев и Сафиуллин сыграют в паре на турнире в Галле

Теннисистка Екатерина Александрова вышла в полуфинал турнира в Хертогенбосе

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Елена Рыбакина «заменила» Геннадия Головкина

Moscow.media

Закат на Катуни

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Гроза роскошных седанов от BMW и Mercedes-Benz. История Fiat 130







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *