Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровна совгIат? ХIунда хIоттийна Кадыровн йишин кIант Danone куьйгалле

Президентан Путин Владимиран омраца пачхьалкхан дола йерзийна Danone а, "Балтика" а компанийн урхалле хIиттийна Кавказера схьабевлла нах: Кадыров Рамзанан 32 шо долу йишин кIант Закриев Якъуб а, Къилбаседа ХIирийчуьра 70 шо долу бизнесхо Боллоев Таймураз а. Экспертийн хьесапашца, Кремлан оцу кепара сацам – шайна муьтIахь йолчу элиташлахь ресурсаш йекъар ду. Оцу йукъанна Боллоевн куьйгаллехь Iийна доккха зеделларг делахь а, йеххачу заманчохь "Балтикан" урхаллехь вара иза, Нохчийчоьнан урхалхочун йишин кIант оцу махкахь хьаькамийн даржашкахь бен хилла вац.

Итт шарчохь бархI дарж

"Данон Россия" компанин керлачу коьртачу директоран Закриев ИбрахIиман (Якъубан) биографи Кадыров Рамзанан гергарчу стеган хила тарлучу кепехь йу. Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIачу (жимахйолчу) йишин Зулайн кIант ву иза. Цуьнан да Закриев Салман 2013-чу шарера схьа дуьйна – Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан гIовс ву.

Шен 16 шо долуш чекхйаьккхира ИбрахIима Москвара Петровскан школа, цул тIаьхьа Суворовн цIарах доьшийла, ткъа 2013-чу шарахь Москварчу университетан пачхьалкхан аудитан экономистан диплом схьаийцира цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийра иза цуьнан 23 шо долуш, цул тIаьхьа 2013-2014-чу шерашкахь мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а гIуллакхаш луьстучу урхаллин куьйгалле ваьккхира иза. Цуьнан гIовс йара хIетахь цуьнан нана. Белхан книги тIехь дина рогIера йоза ду иштта: Нохчийчоьнан финансийн министран хьлахара гIовс, мехкан куьйгалхочун секретариатан хьалханча, премьер-министран хьалхара гIовс, ткъа 2018-чу шарахь – Соьлжа-ГIалин мэр.

 

27 шо долу Закриевх пачхьалкхехь регионалан центран уггар а къона куьйгалхо хилира, цу заманахь гIалийн куьйгалхойн йукъара хан 46-48 шераш йара. Хье ца велира иза оцу даржехь, 2020-чу шеран чиллин-баттахь йухавеара иза мехкан куьйгалхочун а, министрийн кабинета а администраци куьйгалхо санна. Амма йуха а цхьана ханна – 2020-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан йуьртбахаман министран гIента хаийра иза

Ши шо хьалха къона хьаькам скандале хьола йукъахь нисвеллера – "Важные истории" гIирсо къастийра, Кадыров Рамзанан цхьа могIа гергарчийн Москвара "Соколиное гнездо" олучу йезачу комплексехь петарш хилар. Оцу йукъанна официалан декларацеш тIехь уьш йазйина йац цара. Петарийн долахой бара йижарий Зарган а, Зулай а, церан хIусамдай а, иштта Закриев ИбрахIим а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIентан некха тIехь регионалан Кадыровн орден а, ДоттагIаллин мидал а йу – "дуккха а шерашкахь хьанал къахьоьгуш дика кхиамаш гайтарна" йелла.

"Советан заманахь сих-сиха белхан меттигаш хуьйцучарех "летуны" олура, - дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтана Оьрсийчоьнан цхьахволчу политолого, репрессин низам лелаш хиларна шен цIе ца йаккхар а доьхуш. – Кадыровн гергарчо урхаллашкахь даржаш хийцаро тоьшалла до белхан процесс лартIахь нисйан церан хаарш цахиларан, йа вуьшта, "антикризисан менеджеран" похIма хиларан. Цундела белхан сихаллин рожехь цхьана меттигера кхечухьа дехьабоху уьш. Амма ишта хьуьнарш Закриев хиларх дуьйцуш хIума дац".

Къамел дечунна хетарехь, йуьхьанца дуьйна а политикан гергарниг кевчеш хилла хьаькаман карьерина, кеп-кепарчу даржашкахь бюрократин кIоргалла а йовзуьйтуш, ткъа хIинца сацам бина цуьнан белхан гIуллакхехь леларан тептарна йоккхачу бизнесехь болх бина а ву аьлла тIетоха.

Готтачу тобана йукъахь хайра декъар

Таймураз Боллоев, Кадыровн йишин кIанте диллича, Советан заманахь дуьйна ву индустрихь болх беш, ткъа 1991-2004-чу шерашкахь цо урхалла дира йий доккхучу "Балтика" заводан, цул тIаьхьа кIадин индустрина а, девелопментана а йукъа ахча диллира цо. Сочихь 2009-2011-чу а шерашкахь Олимпикан ловзаршна кечамаш бечу хенахь – "Олимпстрой" пачхьалкхан компанин куьйгалла дан хIоттийра иза. Цхьа могIа Оьрсийчоьнан пачхчьалкхан совгIаташ дина цунна, Оьрсийн православин килсан а, иштта францхойн Сийлаллин легионан совгIаташ, Бразилин ларамечу консулан дарж делира цунна Санкт-Петербургехь. Иштта вевзаш ву иза Къилба ХIирийчоь аьлла дIакхайкхийначу махка инвестицеш йахкийтарца а.

"Боллоев баккъал а вевзаш стаг ву, - боху Кавказ.Реалиин сайте "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс. – Таханалерачу кепехь "Балтика" компани йиллина цо. Иза хIотторо негативе тIаьхье йуьтур йац, олийла ду. Амма Кадыровн йишин кIантах дерг аьлча, Путина совгIат дина актив кхиаме хир йац аьлла, баккхий кхерамаш бу". Оцу кепара дIахIоттор "готтачу тобана йукъахь хайра дIасадекъар ду" боху эксперто, иштта Оьрсийчоьнан бахархошна хьоьху цо "къола дина хIума цаэцар".

 

Боллоевца а, Закриевца а дерг – тайп-тайпана ду, тешна ву Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхо Шуманов Илья. Дуккха а шерашкахь бизнесехь къахьегна ву хьалхарниг, цо индустри кхиийна, оцу бизнеса йукъа малхбузера баккхийчу инвесторша ахчанаш дехкина. Оцу йукъанна тIаьххьарчу шерашкахь Боллоев Iедалхошца воьзна вац, меценат санна гоьваьлла иза, цундела цуьнан фигура мел а дуккха а компромиссе йу.

"Пачхьалкхан секторехь даржашкахь лелла ву Кадыровн йишин кIант, - кхин дIа дуьйцу эксперто. – Бизнесехь зеделларг дац цуьнан, структурехь шен доцчу дарже хIоттийна стаг ву иза. Danone маркетологаша кхоьллина бренд йара йохка-эцаран базарахь цхьа тайна къаьсташ, цхьа а негативе эмоцеш ца хуьлуьйтура цо, шен социалан инициативаш а, дика репутаци а йара. Закриев хIотторо хIара имидж кхолор йу".

Кремло оцу кепара бина сацам, цуьнан ненавешина дина "совгIат" а, "баркалла алар" ду, ткъа компани пачхьалкхан урхалле дIайалар – Малхбузера оьрсийн активаш дIакъовларна дуьхьал делла жоп ду. Оцу йукъанна, нагахь Москван активаш цигахь йуьсур йелахь, бизнес санна цара болх бийр а белахь, Оьрсийчохь дIахIиттийначу урхалхоша, компанеш пачхьалкхан дола йохучу хенахь церан хилла ресурсаш мел а оцу "предприятешкара" схьаузур йу.

Интересанташ Нохчийчохь бу

Президентан указца а догIуш, Оьрсийчоьнан бахаман министраллина ханна чуэцна ший а компани. Danone дIахьедина, ситуаци зуьйр йу шаьш, "шайн бакъонаш Iалашйархьама мел оьшург дийр ду" шаьш.

Пачхьалкхехь шура лелочех уггар а хьалхара йу "Данон Россия", Оьрсийчоьнан бахархошлахь гIарайаьлла "Простоквашино", "Растишка", "Даниссимо", Activia, Actimel, "Актуаль" кхинйолу а брендашца продукци арахоьцу 13 завод йу цуьнан. Оьрсийчоьнан Къилбехь Волгоградехь, Краснодаран кIоштахь – Тихорецкехь а, Лабинскехь а ду церан арахецарш.

Санкт-Петербургехь регистраци йу йий дечу "Балтика" компанин, цо урхалла до бархI заводан, цигахь арахоьцу йийн 50 сов бренд. Цуьнан цхьахйолу завод йу Ростовхь.

Danone компанин активаша пачхьалкхан долайаха лууш берш Нохчийчохь бу, йаздо The Bell гIирсо шайн хьастанна тIетевжина. Оцу йукъанна Нохчийчуьра йуьртбахамехь шурин дакъа дIоггара тоьлла дац – цуьнан гайтамашца республикел хьалха Ставрополь-мохк хилла ца Iа, Дагестан а, Кхарачой Чергазийчоь а цхьаьна йу.

"Вкусно и точка" бохур ду оцу доллучух

Кхин дIоггара шайна "хало ца йеш", директорийн кхеташоне могIарера ницкъахо хIоттон йиш йара Iедалхойн, боху экономисто Потапенко Дмитрийс: "ТIеман турпалхойх лаьтта долахойх керла элита кечйар ду вайна цкъачунна гуш дерг. Ткъа Кремлана гергахь Кадыров царех ву".

Эксперто билгалдоккху, Кадыровн клан Къилбаседа Кавказан мехкел арайаьлла: дукха хан йу цуьнан символ Москва йуккъера Йоккхачу Якименкера "Президент-Отель" хилла –Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу накъостан, депутатан Делимханов Адаман формалехь йоцу штаб-квартира йу и.

"Компани чоьхьарчу анклавех хоттайелча, стнадарташ дуьненайукъарчу кепехь йухатоллур йац, кхиаме хир ю бохург дуьйцийла а йац, - кхин дIа дуьйцу экономисто. – Оьцуш берш лахлур бу, менеджмент тIегулйала йеза арахьарчарна хетачунна гонах, политикан рокировкаш тергал йан ца оьшу".

ТIом болабелчхьана Оьрсийчохь массо а хIуманна "Вкусно и точка" олу (McDonald's дIайаьккхинчул тIаьхьа хIоттийначу кафен машанехь элира иштта. – Редакцин билгалдаккхар.), ткъа пачхьалкхехь биссинчарна хьалха керла Iалашонаш йу, дерзийра Потапенкос.

Нохчийчуьра йоллу урхаллин система Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонерчу нахана а тIехь сецна йу, оцу йукъанна цхьана а кепара вон хIума ца го цунна, шен доьзалера нах даржашка хIитторехь. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах мел волчу стагах тептар.

Кху шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Доцент Соболева: дешевле всего лечить зубы в Тульской и Тверской областях

Красавица красноперка

В работе мессенджера «Телеграм» случился массовый сбой

Зуд Линча: автор «Твин Пикс» вернулся к музыке, Дмитрий Маликов — к попсе

Музыкальные новости

Вирусолог Вострухов: опасные клещи-мутанты из Европы могут появиться в России

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

Новости России

В работе мессенджера «Телеграм» случился массовый сбой

Минстрой: Площадь аварийного жилья в РФ выросла более чем полтора раза

Дорогие дороги

Доцент Соболева: дешевле всего кариес лечат в Тульской области

Экология в России и мире

Производители кроссовок New Balance и Under Armour подали около 1000 исков к российским продавцам

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов

Джомба, суттуг шай, кучу и другими видами чая в регионах России могут насладиться российские туристы

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

Спорт в России и мире

Теннисист Медведев снялся с турнира ATP в Нидерландах из-за травмы

Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"

Теннисистка Андреева заявила, что хочет войти в топ-20 рейтинга WTA ради собаки

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Гора Бабырган

Российский астроном рассказал о редком солнечном событии

«Грузовичкоф» выступил в Санкт-Петербургской торгово-промышленной палате с предложениями для развития отрасли

В Москве арестовали бывшего замглавы Росприроднадзора по делу о мошенничестве







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *