Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейна

Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейна

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийна хиллачу Лапунов Максимана компенсаци йолуьйтуш.  Цуьнан гомосексуалан ориентаци бахьана долуш республикехь ницкъ бинера цунна тIехь. Оьрсийчоь декхаре йу цунна 52 эзар евро мах охьабилла, сацамбина кхело.

Лапуновн гIуллакхехула  бина таллам эвсара бацара аьлла хета ЕСПЧна. Суьдо хьесап дина, адамийн бакъонех а, коьртачу маршонех а лаьтта Конвенцин артиклаш йохийна: 3-гIа артикл (Iазапаш цамагор), 5-гIа (маршонан а, цунна тIекховда йиш цахиларан а бакъо), 14-гIа (дискриминаци цамагор).

2018-чу шеран стигалкъекъа-баттахь латкъам бинера Лапуновс, Оьрсийчоьнан массо а кхелашкахь гIуллакх талла шена дуьхьало йича. Бакъо йоцуш Нохчийчохь лацарх а, гейшна тIехь Iазапаш хьегийтарх дIахьединчех хьалхара ву иза, билгалдоккху "СК SOS" кризисан тобано.

Цуьнан гIуллакх листа ца лиънера полицина, Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна йукъагIоьртича а нийсонца таллийта ницкъ ца кхечира, дуьйцу бакъоларйархоша.

Омскан махкахь вина ву Лапунов, ткъа Нохчийчу веанера иза 2015-чу шарахь махкахь хIиттон барамаш дIакхехьа, билгалдаьккхина ду "СК SOS" сайте хIоттийначу цуьнан карточки тIехь. 2017-чу шеран бIаьста Соьлжа-ГIалин йуккъехь лачкъийна иза гейшна леринчу къайлахчу набахте воьллира. Ницкъахоша йиттинера цунна, республикера кхечу гейх охьадийца бохуш, герзана тIехь йитинера цуьнан куьйгийн таммагIаш.

Ша гомосексуал ву аьлла, цуьнга камера хьалха мукIарло дайтира Максиме, лаьцна 12 де даьлча дIахийцира иза. Информаци цо нахалайаккхахь шаьш вуьйр ву аьлла, кхерамаш теснера цунна, йаздо кризисан тобанан сайтехь. Бакъоларйархошка дIахаийтира цо дерриг а, полицига арз а дира. 2019-чу шеран лахьанан-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара Лапунов.

Кадыровхойн карах зен хиллачу Лапунов Максима а, кхинболчу гейша а дийцира Кавказ.Реалиин сайте шайн бакъонаш къийса пачхьалкхехь таро цахиларх а, ориентаци бахьана долуш Нохчийчохь нах муха бойу а.

"Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.

Нохчийчохь тIемаш болуш нах лечкъон марзбаларх а, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а масалш далийна "Мемориало" а, "Правовая инициатива" проекто а йукъахь хIоттийначу рапортехь. ООНе хьажийна иза. Оьрсийчоьнан ницкъахоша лечкъабо нах, уьш кхерон, шайна оьшу мукIарлонаш цаьрга дайта а, йа бекхам беш, аьлла ду документехь.

"СК SOS" кризисан тобано товбеца-баттахь таллам арахийцира, 2017 шарахь тIепаза вайна волу нохчийн йишлакхархо Бакаев Зеламха кадыровхоша Iазапехь а латтийна, тIаккха вийна аьлла. Гей ву аьлла, шеконаш хилла, цунна тIаьхьабевлла хиллера ницкъахой, тешна бу бакъоларйархой. Дукхаха йолу хан Москвахь йоккхура иллиалархочо, ша вуьйр ву аьлла, шеконаш ца хиллера цуьнан.

2021-чу шеран оханан-баттахь Европан конституцин бакъонашкахула а, адаман бакъонашкахула а йолчу центро "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанца" йукъахь дIахьедар дира ФРГ-н кхеле, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера пхеа хьаькамна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даха аьлла. Бакъоларйархоша бехкебора уьш, сексуалан ориентаци, гендеран идентификалла а бахьана долуш нахана тIаьхьабийларна, уьш лецарна, уьш байийтарна а. Мел кIезиг а 150 стаг вийна бохура.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

За месяц в Пулково столкнулись два самолета и задержали несколько рейсов

Подмосковные УК расчистили от захламления еще 2 тысячи холлов в домах

Более 100 реконструкторов принимают участие в фестивале «Исаборг»

Свыше 70 жителей Чехова приняли участие в заседании выездной администрации

Музыкальные новости

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация!

Почта России помогла детям-подопечным благотворительных фондов встретиться с футболистами ЦСКА

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»

Новости России

В Павловском районе простятся с местным жителем, погибшим на СВО

Подмосковные УК расчистили от захламления еще 2 тысячи холлов в домах

Депутат Слуцкий — о докладе Microsoft про Олимпиаду и Россию: запад обвиняет нас в чём угодно

Фетисов: или Россия будет рулить процессом, или её не будет

Экология в России и мире

Турецкие отели в шоке после банкротства крупнейшего туроператора: все оказались в долгах, как работать летом — непонятно

Антисанитария в службах доставки: токсиколог Кутушов рассказал, почему опасно заказывать еду

Немцы решили элегантно кинуть турецкие отели: гостиницы Анталии уже в шоке и угрожают массовыми удержанием туристов

Производители кроссовок New Balance и Under Armour подали около 1000 исков к российским продавцам

Спорт в России и мире

Теннисистка Андреева заявила, что хочет войти в топ-20 рейтинга WTA ради собаки

Зверев и Рууд не пожали друг другу руки после полуфинала «Ролан Гаррос» – из-за проблем с желудком у норвежца

«Янника Синнера очень рано сравнивать с Роджером Федерером» // Тренер мужской сборной России по теннису Игорь Куницын — о главных событиях Roland Garros

Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции

Moscow.media

В Москве арестовали бывшего замглавы Росприроднадзора по делу о мошенничестве

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: В Московском регионе более 62 тысяч семей распорядились материнским капиталом через банки

Гора Бабырган







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *