Мализаевн доьзалца ша цхьаьнакхетта, боху Саратовас
![Мализаевн доьзалца ша цхьаьнакхетта, боху Саратовас](https://gdb.rferl.org/740BC5BA-8B16-45CD-85F1-EF04F5782254_cx0_cy0_cw58_w800_h450.jpg)
Нохчийчьурчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, Германин Iедалша шайн махкахвоккхуш волчу мухIажиран Мализаев Минкаилан доьзал Хьалха-МартантIехь а бу, гIоза-декъал а бу. Цунах лаьцна Саратовас яздина шен Facebook-рчу агIона тIехь.
Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Мализаевн доьзал карарчу хенахь бехаш бу цуьнан зудчуьнан ненаца. Царна кхерам болуш хIумма а дац, боху Саратовас.
Хьалхо Кадыровна критика еш къамелаш динчу Мализаевс гIо доьхуш дIаязбинчу видеокхайкхамехь дIахьедар динера, шен доьзал Нохчийчуьрчу Iедалшкара Iаткъам ловш бу аьлла.