ГIалгIайчуьрчу вахархочунна тIехь къизаллаш лелийна плисхоша
37-шо долчу Угурчиевс гIо дехна "Мемориале" ши кIира гергга хьалха. Цо дийцарехь, Чиллан-баттахь Несарахь герзхоша цуьнан хIусаме кхоьссина тапча. ЦIийнах хьаьжча царна иза кара а йина. 10 дийнахь талламан изоляторна чохь алаттийна, дIасавера вац аьлла кехат а даьккхина, аравалийтина Угурчиев.
ХIинца иза кхоьруш ву, ша бехк а боцуш чуволларна, билгалдоккху "Мемориало".