Оьрсийчоьнан бахархой ца хийцаран бахьана дийцина Порошенкос
Кхаарин дийнахь Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолчу "Майорск" чекхволуьйтучу пунктехь украинхойн эскархоша а, ДНР а, ЛНР а олучу тобанашкара Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а хийцина йийсархой.
Сепаратисташа 74 йийсархо дIахоьцург Киево дIавелла 238 стаг. Хийциначу украинхошна юкъахь бу эскархой а, маьрша бахархой а.
Украинин Iедалша чIагIдарехь, сепаратисташ лаьцна латтош ву кхин а 144 Украинин махкахо. Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана йийсарера маьршаваьккхина 3 эзар сов украинхо, 400 гергга стаг вайна лоруш ву.