Кадыров: Сан аккаунт дIакъевлича Вашингтоно дош ца хазийра
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн позици шалхаллаш йолуш ю, хIунда аьлча, Вашингтоно дош ца элира сан Фейсбукерчу аккаунтна блок хIоттийча, аьлла Кадыров Рамзана.
Цо иштта билгалдоккху, Фейсбук маьрша маша цахилар а, Iамеркан карахь гIирс и хилар а.
Пачхьалкхан департаментна ца тов аьлла мехкан куьйгалхочо, Исламан мехкашкахь Iамерко лелочу харцонех шен агIонашкахь ша ма дарра, дийцар.
Социалан машанашкара шен Инстаграман а, Фейсбукан а агIонаш дIакъовлар хала лайна Кадыровс. Блок тоьхначул тIаьхьа дукхазза дийцина цо а, цуьнан гоно а оцу хиламах.