Оьрсийчоьнан тIеман кема доьжна Шемахь
2015-чу шарахь дуьйнна Оьрсийчоьно тIеман операци ю дIахьош Шемахь. Байначу баттахь тIеман министро Шойгу Сергейс дIакхайкхийра. Шемара оьрсийн доккха дакъа арадаьккхина хиларх а, Хмеймим, Тартус олучу тIеман базанашкахь даим латто тобанаш вовшахтухуш хиларх а.
Официалехь дуьйцуш дац, Оьрсийчоьнан мел ницкъаш бу Шемахь латтош. Иштта къайлах ду цигахь эгначийн терахь а.
Хаамийн гIирсаша даржорехь, цхьана дахначу шарахь Шемахь вийна 40 оьрсийн эскархо.