Харц кехаташ кечдина пачхьалкхан ахча диина вахархо кхеле озийна Магасехь
"Харц кехаташ чу а делла, ша Чернобылехь хилла а воцушшехь, ахчанаш диина цо 2006-чу шарера 2016-гIа шо тIе даллалц. 2, 9 миллион сом ду дерриг а цуьнга кхаьчнарг", - дуьйцу "Кавказан узел" агенталле кхелахойн хьукматехь.
Вахархочун хьокъехь бехкхзуламан гIуллакх ма-дарра талла хьажийна Магас кIоштан кхеле.