Умаров Джамбулата Mylistory машане дерзар хьоьху Оьрсийчоьнна
"Ас хадам боллуш дехар до шуьга Mylistory машане дерза. Къилбаседа Кавказера, Уралера, Москохара, ГIирмера нах хаза а хеташ Iемар бу шух бошмийн а, хасбошмийн а корматаллана", - аьлла министро "Москоха дуьйцу" хаамийн гIирсе.
Еарийн суьйранна Инстаграмера МГУ-н ораматийн бешан "Дарбане бецаш" аккаунт дIакъевлина. "Дарбане бецийн" пресс-секретара Архипова Ольгас РБК агенталле дийцина, Инстаграмера шайн агIо юхаерзо некъаш лоьхуш ду шаьш аьлла.
Блок тохаран бахьанаш дуьйцуш, цо билгалдаьккхина, шайн аккаунт яста а естина, цигахула спам дIасакхоьхьуьйтуш хилла аьлла.
Маршо Радионо яздира, байначу беттан 22-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Инстаграмера а, Фейсбукера а аккаунташ дIакъевлина хиларх. Iамерко цунна тоьхна санкцеш бахьана долуш, блок хIоттийна цуьнан агIонашна.
Цул тIаьхьа Нохчийчохь юкъаяьккхинчу Mylistory социалан машанехь аккаунташ йиллира Кадыров Рамзана а, махкарчу хьаькамаша а.