SpaceX Iамеркан компанино кхушарахь шен хьалхара ракета хьажийна космосе
ШолгIа дакъа кхиаме дIакъаьстича, масийттоза пайда эца мегаш йолу Falcon 9 хьалхара дакъа доьссина леррина кечйинчу охьахоу майдане.
Стохка Зазадоккху-баттахь Маск Илонан компанино исторехь дуьххьара космосе хьажийра цигахь цкъа хилла долу ракетан хьалхара дакъа. Эксперташа дийцарехь, Falcon 9 олу юх-юха а пайда эца мегаш йолу ракеташ лелоро мах охьабоккху космосан аппараташ орбите хьажоран.