Кавказера тIемалой болу Идлиб схьаяьккха гIерта Асадан ницкъаш
Идлиб, провинци Iуьллуш ю Туркойчоьнан дозанца. Цу меттигашкахь дIатарбела бу Шеман режимана дуьхьал болу оппозицин ницкъаш, шайна юкъахь Юккъерчу Азера пачхьалкхашкара баьхкина тIемалой а болуш. Цхьаболчу хаамашца, Кавказерчу тIемалойн "Ажнад аль-Кавказ" тобано Iуналла дечу Идлиб гIала бомбанаш йиттина лаххара а 34 стаг вийна кIирандийнахь, шайна юкъахь 19 маьрша вахархо а волуш.