Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Сатоссуш неI етта юха а кхайкхаза баьхкинчу герзахоша

 




 


Тахана Iуьйранна, йохон гIерташ санна, неIтуьйхира со чохь вехачу петаран. Iуьйранна бархI сахьт далале хан яра иза. Чуьра бераш а кхераделла, дIатебира, шайн юргIанаш кIел а дуьйлуш. ОьгIазвахана, цара ма-тоххара, буьрса неI схьайиллира ас а, хIун хилла, тIом-м ца баьлла вайна, аьлла. 


"Ваша, тIом тахана дуьйна болалуш бу-кх, хьайн паспорт гайтахь", - аьлла, шен маса топ белшаш тIехь дIанисйира герзхочо.


Паспорт юха схьа а кховдийна, хаьттира цхьа а шеко йолуш лулахой буй кхузахь, аьлла. Бац дера, хьалха дуьйна кху чохь, шайн доьзалшца беха нах бу аьлча, цу чуьра дукха сиха, кхин талламаш а ца беш, хаза а хеташ, дIабахара низамхой.


Оцу хиллачо лартIехь долчу адаман дерриге а денна дика дог-ойла дIаяьккхина хир яра, Нохчийчохь вехаш воцучуьн. Нах боьлла ишттачу талламех, цундела хила дезаш хIума лору иза. Амма тIаккха а карладелира и хьал доладаларан 23 шо кхаьчна хилар.


Нехан дагалецамашкахь а дисина и де, ша томмагIа санна. ХIетахь хиллачу бохамо, нохчашна тIехь йоккха лар йитина, амал а, лелар а хуьйцуш, аьлла дийцира юкъаралхочо Исмаилов Султана.


Цо иштта элира цунах лаьцна «Цхьа хан яра вай, вовшашна деза а дезаш, гича хаза а хеташ. ЧIогIа мерза хан яра иза. ДагайогIу суна а иза. ТIаьххьара 23 шарахь, цхьа орам хадийча санна чкъор ду вайн. Баккхийчара дIадуьйцу хир ду царна, амма я цара дIа ца лацахь а, цхьа сонталла хьалхаяьлла нах бу вайн. Ша санна волчун ойла яра жимделла вайн.


Нехан бакъонан хьакъ лардар дIадаьлла. Хьалха,сайн бакъо Iад йитина а, нехан бакъо ларйийр ю ас аьлла дара. Иза дара баккхийчара цIахь хьоьхуш. Иза сийлахь дара. Тахана ахь цхьаъ дIатоттуш вацахь, кIелвуьтуш вацахь, хьо цхьа доьналла доцуш санна и Iовдалалла ю-кх вайн хьалхаяьлла».


Тахана Iуьйранна нехан неIарш а етташ паспорташ хеттар муьлхачу бахьаница дара теша аьлла со талла волавелча, къаьстира, Керла шо даздеш чIагIаман раж дIакхайкхийна хилар.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *