"Грозный Авиа" компанин хиллачу директоран гIуллакх дIакхачийна суьде
ХIинца талламхоша и гIуллакх, теллина а далийтина, дIакхачийна суьде. Куьйгалхо бехкехилар тIечIагIдахь, 2 шарера 5 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу цунна. Цул сов дехка догIу цунна 5 шерахь куьйгалхочуьнан даржехь болх бар а.

