СадаIа 13 пачхьалкхе баха бакъо елла Оьрсийчоьнан полисхошна
![СадаIа 13 пачхьалкхе баха бакъо елла Оьрсийчоьнан полисхошна](https://gdb.rferl.org/9BA915AC-F23D-4B0E-9C00-DA55696D7474_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло билгалъяьхна шен белхахошна садаIа баха магийна йолу пачхьалкхаш.
РИА "Новости" агенталло бинчу хаамца, уьш 13 ю. Царна юкъахь ю Азербайджан, Эрмалойчоь, Беларуси, Казахстан, ГIигIизойчоь, Таджикистан, Туркмени, Узбекистан, ткъа иштта Къилба ХIирийчоь, Абхази. Цул сов, МВД-н белхахойн садаIа баха бакъо ю Вьетнаме, Кубе, Китай. Цу мехкашкахь садаIар полицин белхахошна кхераме дац аьлла хета министраллан куьйгалхошна.
Стохка цу тайпа лоручу пачхьалкхашна юкъахь яра кхин а Таиланд, Тунис, Марокко, Мьянма, Никарагуа, Туркойчоь, ткъа иштта Мисара.