Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Каримовс наркотикаш луларчу мехкашкара чукхоьхьуш ю аьлла

Нохчийчохь МежидовгIеран вежаршна тIехь лецначул тIаьхьа къизаллаш лелийна бохуш, яьржина информаци бакъ ца йина мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой юкъараллана гергахь бехбан гIортар ду иза аьлла цо РБК агенталле/


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана наркотикашна дуьхьал гIаттийначу кампанехь полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама аьлла, информаци яржийна Republic онлайн-журнало.


Оцу гIирсан хаамашца, дахначу шеран аьхка верриг а полисхоша лаьцнарг ву 70 гергга стаг. Царех цхьаъ ву Межидов Мохьмад-Iела.


Прокуратуре цо дахьийтинчу арз тIехь цо дуьйцу, шена ток еттийтарх а, металлопластикан турба еттарх а, шега бехк тIелоцуьйтучу кехаташна куьйгязде бохуш. Цуьнца цхьана лаьцна хилла Межидовн ваша Мохьмад-Сидикъ а. Цуьнан куьйгашна буржалш а тоьхна, скотчаца вехка а вихкина, ницкъ бина тIехь, цо даредаллалц.


Арахьара наркодиверси ян гIерта регионна олийла ду шен аьлла Каримовс. Цунна хетарехь, цхьаболчу луларчу мехкашкарчу бахархоша чукхоьхьуш ю наркотикаш, наггахь бахархошлахь маьхза дIаса а йоькъуш.


"Дукхазза нисбелла ишта меттигаш. Оха Iаламат чIогIа сагатдо оцу хьолана. Тхешан чохь нисъеш ю оха тхайн проблемаш", - аьлла, дIахьедина Кадыровн пресс-секретара.


Нохчийчохь лецарш долийна, мехкан куьйгалхочо наркоманица къийсам латтош оперативан штаб кхоллар тIедилличхьана.


ХIетахь дуьйнна, 304 бехкзуламан гIуллакх диллина наркотикаш яржорна а, ларъярна а. 213 дуьхьалдаьккхина гIуллакх кхеле дIахьажийна ду.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *