Даудовс хоьтту, стенгахь ю Литва
![Даудовс хоьтту, стенгахь ю Литва](https://gdb.rferl.org/5637C116-F789-4282-88A4-C4A51C48E50C_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Кадыров Рамзан Литвано "Магнитскийн тептаре" ваккхарх шена хетарг аьлла парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
Карладоккху, шинарин Iуьйранна Литван мигранцин департаментан сайта тIехь зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан 49 вахархо юкъахь а волуш Iаьржа тептар. Оцу тептаре баьхна, шайн пачхьалкхе бахкар а доьхкуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан гIовс Алаудинов Апти а.
Оцу керлачу хаамо самукъадаьккхина шен аьлла Даудовс.
"Лакхара охьа, лахара хьала, диагоналехь а йийишира ас и информаци, амма цхьана а хIуманах ца кхийтира. Тептар го, сайн цIе а къаьста, амма тIе ца кхуьу, ян мукъана а стенгахь ю и Литва", - хоьтту спикеро.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Литвас Iаьржачу тептаре ваккхар "кIад" болуш хIума дац, цкъа а интересе ца хетта Кадыровна и пачхьалкх аьлла, дIахьедар дира Кадыров Рамзанан пресс-секретара Каримов Iалвис а.